ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаамийн гIирсаш: Нохчийчохь карарчу баттахь 53 гергга стаг лачкъийна вигина


Кху шеран Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь лачкъийна вигина хила тарло 53 гергга стаг, царех 20 тIаьхьо маьршаваьккхина. Махкахь нах лецначух тера ду къайлаваьккхинчу IАДАТ телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан зIе хилла нах гучубаха Iалашонца аьлла, хьажам бу"Кавказский узел" агенталлан. Цаьрга дIакхачийна IАДАТА 18 цIе, ду оцу тептарехь зудий-майрий а, цхьа кхиазхо а.

IАДАТ телеграм-канало къайлах болх бахь а, цунах тешам лаьтта Нохчийчохь болчийн аьлла блогера Абдурахманов Тумсос.

Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.

Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG