ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба ерриг а хIаллакъярх дIахьедина Шойгус


Шема
Шема

Оьрсийчоьнан эскарша Шемара "Исламан пачхьалкх" шех олу ерриг а организаци хIаллакйина пхеа шерачохь аьлла, дIахьедина тIеман министро Шойгу Сергейс "Красная звезда" газетана еллачу интервьюхь. Цо билгалдаьккхина, Шемахь Оьрсийчоьнан мисси оьшуш хилла хилар а, тIеман операци йолош бина сацам а нийса бара аьлла.

"Пхи шо хьалха Лакхарчу эскарийн коьртачу хьаькамо хIоттийна Iалашо, еррриг а кхочушйина. Дуьненаюкъара террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба Шемахь лелаш яц, цхьа террорхо Оьрсийчу сехьаваьлла а вац, аьлла Шойгус. - Коьртаниг - ДаIиш йохийна, дIаяьккхина. Цул совнах, чIагIо йоллуш олийла ду, дуьненаюкъарчу къайлах леллачу террорхойн тобанашна хаъал зенаш дина, царна кхачош хилла ахчанаш а совцийна".

Оьрсийчоьнан тIеман министро дийцарехь, Шеман эскарша Оьрсийчоьнан авиацино гIо а латтош, террорхойх дIацIанйина 1 02I эвла, пачхьалкхан Iедалхойн куьйгакIел ерзийна 88% мехкан территори. Тобанийн 865 лидер вийна, 133 эзар сов тIемало а, иштта, 133 эзар гергга даIишхойн объект а хIаллакйина.

2011-чу шеран бIаьста дуьйна лаьтташ бу Шемахь тIом. 2015-чу шарахь Гезгамашин-беттан 30-чохь йолийра Оьрсийчоьно Шемарчу террорхошна дуьхьал тIеман операци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG