ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Умаров Мовсар варна шаьш гунахь дац, аьлла Оьрсийчоьнан Iедалхоша


Гайтаман сурт

Нохчийчохь вайначу Умаров Мовсаран хьокъехь Европан адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) хьовсийначу хеттаршна жоьпаш делла Оьрсийчоьнан векало Гальперин Михаила. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан талламчашна къаьстина, Умаров Нохчийчохь полисхоша лаьцна воцийла а, цхьана а ницкъаллийн структурийн декъе валийна цахилар а, я цунна тIехь шогалла лелийна яцар а.

Бакъоларъярхошна тешам болуш ца хета церан дIахьедар, цара тIедожийна 39-чу бакъонех пайдаэцар, хаамбинаКаспаров.Ru гIирсо "Iазапна дуьхьало латторан комитето" (КПП).

Къилбаседа Кавказерчу КПП-н куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс билгалдаьккхина, талламчаша гIуллакх къасторах Гальперина дуккха а масалш далийнехь а, тахана а хеттарш дина дац Умаровн вешига а, хIусамнене а. Талланза дуьссу иштта, Умаров Мовсаран нанас а, цуьнан вашас а "Нефтеполкан" декъа тIехь Мовсар шайна гайтарх дина мукIарло а.

Карладоккху, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь полицино лаьцна 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла.

ТIаьхьо гергарчарна полисхошлахь вевзина Умаров лачкъийнарг – цара чIагIдарехь, Байтуев Мохьмад ву иза.

Хьалхо Байтуев Нохчийчоьнан куьйгалхочун информацин-консультативан урхаллера консультант ларалуш вара документашкахь, ткъа тIахьо хIоттина Кадыровн гIоьнча.

Нохчийчуьрчу синбахаман хьукматашкарчу белхахошца къамел деш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йира меттигера вахархо Умаров Мовсар вадорна шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна.

Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цуьнан болх деккъа дIа прессица юкъарло латторрий, ша тIедехкина декхарш кхочушдаррий бен бац, цундела цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а лаьцна, цхьаьнхьа а вигина вац, аьллера Кадыровс.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG