ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Айса селхана лелийнарг тахана лелор дацара ас". Кадыровн дохковалар


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Бельгера актер Ван Дамм Жан-Клод а, Америкера актриса Суонк Хиллари а Соьлжа-ГIалахь, 2011 шо.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Бельгера актер Ван Дамм Жан-Клод а, Америкера актриса Суонк Хиллари а Соьлжа-ГIалахь, 2011 шо.

Гезгамашин-беттан 19-чу дийнахь Кадыров Рамзана махкарчу информацин министраца къамел деш, хьахаделира социалан машанашкахула Нохчийчоьнан куьйгалхо, цо ша ма-аллара, винчу дийнахь мехкаршца сакъоьруш гойту суьрташ. Шен дахарна юкъагIерта цхьаьнненан а яц бакъо, бохура цо – дукха хан яра из оццул халахетта ганза.

43 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо бохура, "ду дера къинош-м", шена уьш долуш новкъа ду, ша "доьху Веза-Воккхачуьнга уьш тIера дахар". Оцу юккъехула элира, ша мехкаршна юкъахь лаьтташ гойту и суьрташ хазахета шена.

"Со могуш-маьрша боьрша стаг ву бохург ду иза, делахь а айса селхана лелийнарг тахана лелор дацара ас", - бохура цо.

Ала деза кхузахь, карахь чу малар дутту пел а долуш, мехкарийн гонехь, аьр вай, хьешашца цхьаьна даьхна суьрташ ду дуьйцурш – Оьрсийчуьрчу могIарчу вахархочунна дастаме хеттал хьал а дац царна тIехь гург.

Амма доьхнарг ду Нохчийчуьрчу Iедалхоша дийриг цара хазош хуьлучу дешнашца цадар. Иштта хета нохчийн журналистана Тимаева Джульеттина.

"Со дика кхета, бусалба динехь къехьа ду боршачу стага зудчуьнга куьг кховдош. Иза дан ца мега – уьншарахь кхолладелла ламаст ду иза, массарна ца хаахь а. Делахь а, боьршачу стага ларамца дIакховдийна куьг зудчо схьаэцар сов генадаьлла къа а дац, суна хетарехь. Мехкан куьйгалхо вуьйцуш хилча. Иза Оьрсийчоьнан халкъан гIиллакхашца вехаш хиларе терра ", - боху Тимаевас.

Журналиста билгалдоккху Нохчийчохь нехан коьрта бала хьаькамаш хилар, цара, Кадыровна тархьама, воккха я жима, зуда я бер ца лоьруш, адамашна Iаткъамаш беш хилар.

"Шаьш Iеламнах бу бохучара а, хьаькамаша а дийнахь-буса хьехамаш бо, вай хIун ца дан деза хоуьйтуш. Нехан зудчуьнга хьажар а доьхку, боху, бусалба дино. Ткъа стенна мега буьйсанна юккъехь нехан неIарш а кегъеш, пайда боццу бахьана хьалха а доккхий, зударий дIабига, «Грозный ТВ» чохь уьш сийсазбан, цаьрца доларчу хIуманашца санна хьийза? Стенна мега царна электрошокераш етта, сийсаз багош леян (зударшна электрошокершца ток етташ хилла шен балха тIехь Соьлжа-ГIалин мэра, Кадыров Рамзанан уллера гергарчу стага Кадыров Ислама – ред.)?

Ша бусалба мехаллаш Iалашйо а бохуш, динца йогIуш йоцуш эвхьазлонаш лелор дуьхьалдетта критикаша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна.

Ткъа ша Кадыровс боху "Грозный" телеканална лучу комментарехь, ша "Iеламча вац, могIара стаг ву, хелхавала а, йиш ала а хуьлу дог, дахар а деза" шена. Оьзда долучун а, доцчун а юкъара доза лардан а хаьа шена, боху цо.

Боху, шегара яьлла ледарло Iарайоккхург а лов ша. Ша селхана лелийнарг тахана лелор дацара а боху.

Иштта делахь, дагалаца йиш ю хилларг-лелларг. Дукха хилла зевне даздарш Кадыровс Iедалехь доккхучу 15 шера чохь. Нохчийчоьнан президент (иштта олура цуьнгарчу даржах хьалха) муьлххачу а бахьанах дан гIуртура дезде – тIом лайначу халкъан самалха доккху ша аьлла хетара цунна.

БIаьрлачу масалех ду хIара а – 2009-гIа шо, Кадыров вина 33 шо дузу, Соьлжа-ГIала йогIу Либанера йишлакхархо Фарес Мириам. Ша Нохчийчохь маре йоьдуш лаьттара цхьа маьIиг ца яьллехь, …Кадыровга, элира цо.

Мухха а нисделлехь а, дIаяхара Фарес Соьлжа-ГIалара шен Либане, ткъа 2014-чу шарахь Америкехь вехачу шен махкахочуьнга-бизнесмене Митри Дэннига маре яхара. КIант хилира церан 2016-чу шарахь.

Цул ши шо хьалха дара хIара. Соче, "Дуьненан миссис" къовсаме боггIучуьра, Соьлжа-ГIала чубирзира толаман финале кхаьчна болу уггаре хаза зударий. The Daily Telegraph газето дечу тоьшаллица, Кадыровн дагчу юьйжира царалахь йолу Кени махкара Веркейк Кэролайн.

Кадыровс иза шега маре кхайкхина, яздира газето. Веркейкан нийсархочо иштта бохура хIетахь: нохчаша нускалх ахча душ хилар хууш (дийцина цунна цунах лаьцна хьалхо цхьамма), ша и "там" бийхира Кадыровга.

Нохчийчоьнан куьйгалхо цу сахьта гучуьраваьлла, юхавеана цхьа хан яьлча, ахчан метта "Кени-миссисна" ши говр а, кIайн газа а, ши котам а ялош. Веркейка, Кадыров Рамзанна мара а оьккхуш, дош делла шо даьлча юхаян. "Good guy!" (дика кIант ву) аьлла цунах деа беран нанас, яздира Британерчу газето.

Кадыровгахь Iедал лаьттачу 15 шера чохь (йоццачу ханна, "ларамза", Алханов Iалугахь лаьттина президенталла ца лерича) вуно дукха гоьбевлла артисташ а, спортсменаш а байна Кадыровн резиденцина уллехула чекхдолучу Соьлжа-хинна. Хилла царалахь Кадыровна "Happy birthday to you" лекхна Голливудан хазна Суонк Хиллари а, шен "Шторм" хит кхолларца дуьненахь тоьллачех лору Iадхьокху-пондарча Мэй Ванесса а, дуьненан футболан цIуй, Аргентинера Марадона Диего а, Португалера Фигу Луиш а, Бразилера Роналдиньо а, Мисарара Салахь Мохьаммад а, кинон лаккхара говзанчаш, Бельгера Ван Дамм Жан-Клод а, Кадыровс совгIатна Соьлжа-ГIаларчу "Грозный-Сити" цIийнара петар шена елла волу Францера Депардье Жирар а, Америкерчу ринган элий Мейвезер Флойд а, Тайсон Майк а, дуккха а кхиберш а.

Кадыровна хьалха "хелхаран чIинг" эккхийтаза ца висина меттахIоттийначу Соьлжа-ГIалахь иза ган аьтто баьллачу нахах наггахь верг а, хуьлда иза дашо погонаш йолу инарла я "Ласковый май" цIе йолчу йишлакхархойн тобан солист Шатунов Юрий. Ткъа "Оьрсийчоьнан дашо озо" Басков Николайс нохчийн маттахь а тIехь лекхна цунна йиш.

Кадыров волчу хьошалгIа веана нисвелла гоьваьлла месашъяшархо Зверев Сергей а, Соьлжа-ГIаларчу ша тIехь нохчийн хелхар дина дуьненан кхузза чемпион волчу Плющенко Евгенийс а. Уьш-м уьш бу, ша Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Соьлжа-ГIалахула машенахь а хихкина Кадыров, Ичкерин къонахойх волчу Муцураев Тимуран эшаршка ла а доьгIуш.

Кадыров ша лелийначунна дохковаьлла, шегара дийлинчу зуламашна къера ву бохург бакъ дац.

Лелларг лелла. ХIинца цунна дохковаьллачу Кадыровс дуьтур дуй "къинош летор"? Диттане а дуьтур дац, боху цхьа зама хьалха Оьрсийчоьнан телеканалех цхьаьннан корреспондент лаьттинчу, хIинца Францехь вехачу Мусаев Лечас (цIе хийцина ю).

"Цуьнан артисташна, гоьбевллачу нахана ловзарш латтор чекхдаьлла алалур дац соьга. Коронавирус ю лелаш, Кадыров тергалвечохь бац беза нах. Кадыров ша лелийначунна дохковаьлла, шегара дийлинчу зуламашна къера ву бохург бакъ дац. Дац исторехь и санна болу хьаькамаш шаьш севцца ала масалш. Уьш совцабо, вайна а хууш, дуккхаза а нисделла совцош", - дуьйцу Мусаевс.

Журналистана хетарехь, Кремло санкци елла ца хилча, дойла дац Нохчийчуьрчу Iедало халкъанна зенаш.

Цхьаболчу тергамчаша олу, шен оппоненташ хIаллакбеш хьийзачул, Кадыров синкъерамаш, ловзарш латтош Iийча дика ду. Оцу ойланна тIехь ву Мусаев а. Цо дагайоуьйту Гезгамашин-бетта юьххьехь интернетехула 19 шо долу Тепсуркаев Салман юьхьIаьржа хIоттош яьржина видео: тахана а цIакхачаза ву видеон турпалхо, иза Кадыровн ницкъхошкахь хиларх тоьшалла до бакъоларъярхоша а, журналисташа а.

"Ткъа хIун дуьсу Кадыровн гонаша дечу зуламашна оьгIазбахначу нехан иэсехь? Дика ду, йоккха харцо ю йинарг, лаьцна боьха хабарш дуьйцург-оппозиционер, хаийна шишанна тIе. ЦIе еза йоккху а, ца йоккху а нах, политикаш, бакъоларъярхой оьгIазбахана бара и иэхье видео араяьлча. Кадыровс, таллам а айбина, шен го зуламхой лаха арабоккхучу метта, къобалдина Тепсуркаевна уьнашерашкахь лелла таIзар дар. Нах карзабевлира цо ишта къамел дича. Амма дIатийна юха а. Кадыров ша эриг аьлла ваьлла. Цуьнца цхьаьна паргIатбевлла нах а. КхидIа? Дуй хийцаделла хIума? Дац. Оьрсийчоьнан куьйгаллерчу хьаькамех цхьа а ца ваьлла, ур-атталла низамаш лардан тIехIиттийначаралахь а, къиза чалтанчалла лелор зуламе ду ала. Суна гарехь, дахаран биллам бу иза - Путина, тийна-таьIIина а Iаш, халкъанна къастийна таIзар", - тешна ву Мусаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG