ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ца оьшу и ламаст дIадаккха – гIиллакх ду иза". Ловзаргахь герзаш кхийса ца магадо гIалгIашна


ГIалгIайчохь дихкина зуда ялийначохь герзаш кхийсар а, некъан бакъонаш йохор а. Оцу шина бахьанах дукха нах ле.

Деношкахь Несаран кIоштан Къанойн кхеташоно Iеламнехан хьехамца сацам юкъабаьккхина ловзарга баьхкинчу нехан, хьешийн дахар кхерамна кIел дуьгучу хIусамдайшкара гIуда доккхур долуш.

ХIинцачул тIаьхьа нускал эцна йоьлхучу машенийн кочарахь хила йиш яц йиъ машен бен. Хьалхарчу машенахь хила беза молла а, тайпан къаной а, шолгIачунна чохь – нускал а, цуьнан марзхой а, кхоалгIачунна чохь – кегийрхой. ЙоьалгIачу машенахь бахка беза бараман дай, цара тергалдан деза кочар.

Низам дохийначарна къаноша къастийна гIуда ду 50 эзар сом, иза дIакхачор ду мисканашна.

"И сацам ша-шаха юкъабоккхуш бац. Лайначу баланаша юкъабоккхуьйтуш бу. Тхо долчохь некъан бакъонаш кIезиг ларйо, ловзаргахь муххале а. Цундела Iеламнаха сацам бина ишта лелар емалдеш. Хаьттина маьждигашка лелачу нахе, дагабевлла массаьрца," – дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайн къоман тайпанийн кхеташонан куьйгалхочун декхар ханна кхочушдечу Беков Мурада.

Бековс бахарехь, цуьнан юкъаралло яртийн администрацешка а дехна ловзар долчу хенахь некъан низам лардан ницкъаш арабахар.

"Сацамо беана пайда бу хIинцале а хаалуш: тIаьххьара кIиранде зен-зулам доцуш дирзира махкахь. Дика бира шайн болх Iедалан ницкъаша а. Со реза ву, шега аьлларг кхочушдеш къам ду тхайниг", - элира Бековс.

Юкъараллин цхьа дакъа реза ду къанойн сацамна.

ГIиллакхехь дара, зуда ялор массарна а хаийта, шозза-кхузза топ кхуссуш, и зуда хIинцачул тIаьхьа шайн нус юйла хоуьйтуш.

"Герзаш кхийсар – иза хиллачуьнца дуьстича, дестийна ламаст ду. ГIиллакхехь дара, зуда ялор массарна а хаийта, шозза-кхузза топ кхуссуш, и зуда хIинцачул тIаьхьа шайн нус юйла хоуьйтуш. И бехкам бохош меттигаш йогIур ю, шеко а яц, амма гIиллакхе доьрзур ду тIейиллина кеп лелор. Зуда ядош дара хьалха, иза Iедалх кхоьруш дитина моьтту цхьаболучарна, иза бакъ дац – Iеламнаха дечу хутбанаша, имамаша кхетийна халкъ зуда ядор АллахIна товш некъ боцийла. Со дуьхьал ву зуда ялош кегийнах машенашца къийсабаларна, цо бохаме кхачабо нехан самукъане барам" – аьлла хета юкъархочунна Балаев Баширна.

"Дерриг а оьзда хила деза, со реза ву бехкамашна. Билгалваьккхинчу стага цкъа-шозза кхосса мегар ду топ – кхин ца оьшу", - элира кхечу вахархочо, Бекмурзиев Мусас.

Ловзаргахь герз кхоссар дехка мегар дац

, аьлла хета "Оьрсийчоьнан гIортор" цIе йолчу юкъараллин регионерчу лидерна Оздоев Мохьмадна.

"Ца оьшу и ламаст дIадаккха – шира гIиллакх ду иза. Фейерверк гайтар санна. Кхин ду барамал совбийлар, герзаш тIех дукха кхийсар, маса тоьпаш лелор. Иштаниг сацо Iедал ду, полици ю, мухха а елахь а", - боху Оздоевс.

Кавказан истори толлучу Iилманчаша дийцарехь, ловзаргахь тоьпаш кхийсар дукха хенахь лаьттина ламаст ду.

Цуьнан бухехь ду вон алмасаш дIалохкуш, нускал Iалашдар, цаьрга ловзарна зен цадайтар


"И ламаст схьадалар вай дийцича, алмасех нах тешачу заманахь, нускал Iалашдеш хилла царех, уьш дIалохкуш хилла. Кавказера юкъараллаш оцу ламстаца къийсаелла, зуда ядорца а, цунах мах баларца а санна, дехха шерашкахь гIуданаш деттарца а, кхечу бехкамашца а ", - элира Кавказ.Реалиига Оьрсийчоьнан Iилманийн академин Цивилизацин, регионийн талламийн центран бехлхахочо Нефляшева Наимас.

Деккъа цхьана Гезгамашин-беттан 21-чу дийнахь ловзаршкарчу кочарша некъан низам дохийна 85-зза.

Беков Мурадна хетарехь, адамаша дита мегаш ламаст ду ловзаргахь герзаш кхийсар. Дукха бу цунах зулам девлла меттигаш.

ГIалгIайчохь ловзаршкахь бохамаш хилла масалш вуно дукха ду. Дукха хан йоццуш некъахьовзам иккхира ловзарца боьзна – кхочарахь йоьду машенаш вовшахкхетта, велира кхо стаг. Деккъа цхьана Гезгамашин-беттан 21-чу дийнахь ловзаршкарчу кочарша некъан низам дохийна 85-зза.

XS
SM
MD
LG