ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу тIамехь хилллачу Нохчийчуьрчу вахархочун гIуллакх толлуш ду


Нохчийчохь къайлахчу сервисийн материалийн буха тIехь талла долийна регионерчу шина адамна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакхаш. ФСБ-н информацица, зуламан гIуллакх долийна 1988-чу шарера Межиев Шеман трерритори тIехь даIишхойн агIор тIемаш беш ву. Карарчу хенахь федералан а, Интерполон а лехамашка велла иза.

ШолгIа бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина 1978-чу шарерчу Шидиевана. Бакъо йоцуш кхечу пачхьалкхе а кхаьчна, цигахь хан яьккхина цо. ГIуда такхар тIедожийна Шидиевана.

Маршо Радионо яздира, Марсхьокху-беттан 31-чохь Шема пачхьалкхехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIарехь тIемаш бина ву аьлла, Нохчийчуьра вахархо лацарх ФСБ-но. Вуьйцург вара Хьалха-МартанIера 29 шо долу Агаев Iумар.

Цунна дуьхьал айдинчу гIуллакхан материалашкахь билгалдаьккхина ду, 2014-чу шарера схьа дуьйна Шемахь даIишхойн могIарехь тIемаш бина ву аьлла. Карарчу заманчохь таллам бу дIахьош оцу гIуллакхна гонах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG