ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шо хьалха стаг лачкъийнарг кхеле валийна Нохчийчохь


ILLUSTRATION – searches in Crimea, 10Jun2019
ILLUSTRATION – searches in Crimea, 10Jun2019

1999-чу шарахь стаг вадийна, лачкъийна латторна таIзаре хIоттийна 58 шо долу Нохчийчуьра вахархо. Яздо цунах лаьцна Obzor.io интернет-гIирсо. Талламчийн версица, бехкевечун гергарчара а кхечу зуламхошца юкъахь 1999-чу шарахь Дагестанан вахархо лачкъийна хилла, цунна дуьхьал ахча даккха Iалашонца. Кхеле валийначо хIусам лехна хилла, иза чохь кхаба, цул совнах, цунна ха а латтийна.

Дагестанхочун гергарчара масийтта баттахь гулдина хилла шайн стагах доьху ахча, цул тIаьхьа маьршаваьккхина хилла. Оцу зуламан цхьа декъашхо хьалхо хан тоьхна вара, ткъа оцу тобанан кхиболу декъахой лехамашкахь бара хIинццалц схьа.

Пхеа шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо зуламна декъахь хилла, кхелахошна хьалха хIоттийначунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG