Санкт-Петербургерчу Купчинехь герзаш диттина аьлла, кхоллаеллачу шеконашца Нохчийчуьра виъ 30 шаре валанза жимстаг лаьцна. Герзаш диттинчу меттигехь зуламхой ца карийна, амма церан ларашца маса тIекхиъна, цIенна хьалха лаьтташ LADA Priora а, Mercedes-Benz а ши машен хиларна. spbdnevnik гIирсо хаамбарехь, иштта бевзина машенан долахой. Бехкзуламан гIуллакх а диллина, талламбар кхи дIа а хьош ду.
Стохка Лахьан-баттахь Петарбургехь шен петарара лаьцна дIавигинера Нохчийчуьра веана веха 2I шо долу Абдылхаисиев Мансур. Меттигерчу «5-гIа канал» телевизионо дийцарехь, харцхьа леларна бехктакхаман дов айдира цунна дуьхьал.
Лацале чекхъяьллачу буса цо социалан машанашка видео хIоттийна хиллера, «Лада Приора» машена чуьра, ша гIалин полицин урхаллина уллехула тIехволучу юкъанна, корах ара а яьккхина, маса-топ етташ.
Полицино ша лаьцча яьккхинчу видео чохь Мансура дийхира Санкт-Петербурган бахархошка ша «новкъарло ярна» къинтIерабовлар.