ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь демографи кхиъна йогIу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Росстато демографин хьокъехь Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, уггар дукха бераш дуьненчу девлла Оьрсийчоьнан 14 регионехь. Хьалхарчу позицешкахь ю Къилбаседа Кавказан республикаш. Къаьсттина бахархой дукха тIекхетта хаало Нохчийчохь (13,9%), ГIалгIайчохь (12,2%), Дагестанехь (7,2%), ГIебарта-Балкхаройчохь (2,5%), хаамбина mr-7 ресурсо.

Росстатан статистикаца, 2020-чу шеран хьалхарчу эхашерачохь 265,5 эзар стагна эшнера бахархойн терахь. Пандеми йоьдучу Дечкен -баттера Мангал-батте кхаччалц 3,1 проценте кхиъна лечийн терахь, ткъа бераш дуьненчу довлар а лахделла догIу стохкалерачу шарца дуьстича - 5, 4 %.

Хьалхо дийца даьккхира, Къилбаседа Кавказехь доьзалийн къестарш кIеззиг нисло аьлла. Оцу тептарехь хьалхара яра ГIебарта-Балкхаройчоь. 2019-чу шеран Дечкен-баттера Охан-батте кхаччалц динчу лараршца, 21,2 проценте охьадаьллера къестарш.

Росстатан жамIашца, Ставрополан мохк боцург, Къилбаседа Кавказан массо а регионашкахь Дечкен-баттера Охан-батте кхаччалц динчу зерашца, бахархой тIекхетта хилар билгалдаьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG