ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусах 18 дархо, вирус къаьстина кхин а 665 стагаца


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусан уьнах 18 дархо, вирус къаьстина кхин а 665 стагаца.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Дагестанехь кхелхина ворхI дархо, Краснодаран кIоштахь велла виъ, Ставрополан махкахь кхоъ, ГIалмакхойчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 инфекцех кхелхина эпидеми гучуяьлчхьана 1 653 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца Ставрополан кIоштахь - 151 стаг:

• Ставрополан махкахь +151 (16 226 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь +96 (14 083)
• Дагестанехь +85 (13 514)
• ГIалмакхойчохь +79 (6 503)
• Кхарачой-Чергазийчохь+77 (7 115)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+50 (7 712)
• ГIалгIайчохь +53 (5 727)
• Къилбаседа ХIирийчохь+34 (5 853)
• Адыгейхь +34 (4 114)
• Нохчийчохь +6 (2 434)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 83 281 стаг ву COVID-19 вирус токхуш хиларца къаьстина. Оперативан штабан зерашца Оьрсийчохь 1 185 231 дархо ву ковид ловш.

Оьрсийчохь коронавирусан шолгIа тулгIе йолаелла. COVID-19 вирус яржарца доьзна Москван Iедалша юха дозанаш детта долийна пачхаьлкхехь, контрол латтайо масканаш лелорна тIехь а.

Дуьненчохь коронавирусан инфекцех кхелхина миллион гергга стаг.
Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца.

Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG