Евлоева Изабелла
Нахана тIехь Iазап латтор – даьржина лела зулам ду Оьрсийчохь, ткъа Къилбаседа Кавказехь, кхечу регионашца дуьстича, къаьсттина ира лаьтта и проблема, билгалдоккху Кавказ.Реалиин шайца къамел хиллачу бакъоларъярхоша. Цара дийцарехь, Iазап латтадо лецначарна а, набахтешка хьийсо хенаш тоьхначарна а тIехь, йо гIелонаш полицехь а, набахтешкахь а. Ткъа и гIело наха лов, арздича шайна бекхам бийр буйла а хууш. Делахь а, массара ца лов гIелонаш, тIаккха иштачарна хьалха ши некъ хIутту: Европан кхелехула нийсо лахар я ницкъхошна бекхам бан йолчу Iалашонца низамехь йоцчу тIеман тобанашка хIиттар.
Стенгахь, мел дукха лела Iазап?
"Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина терроризмана дуьхьалоечу хьукматашкахь лецначарна гIело яр – иза деккъа дIа даржхочо шена лиича ден таIзар дац, я наггахь нислург а дац, иза могIара "болх" бу. Iазап латтадо хан а тоьхна, набахте дIабига кечбечу нахана а, набахтешкахь кхобучу тутмакхашна а тIехь" – дуьйцу Human Rights Watch-ан Европерчу а, Азерчу а директоран гIовса Локшина Татьянас.
Уггаре дукха Iазап латтадо тIеман гIеранашкахь леларна, полицин белхахлошна тIелатарна я терроризмаца доьзна лоьцучарна тIехь, "кхечу бехкашна лецначарна тIехь кIезиг латтадо Iазап, амма цаьрца а нисло иза", боху "Конфликташ цахилийтарехьа йолчу анализан центран" директора Сокирянская Екатеринас.
Бакъоларъярхоша дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь нах лецча, царна тIехь Iазап латтош йолу лидер ю, шеко а йоцуш, Нохчийчоь. Ткъа массанхьачул а кIезиг до цигарчу наха шайна тIехь гIелоярах ден аьрзнаш. Цуьнан бахьана ду нах шайна бенболчу бекхамах кхерар, боху эксперташа.
"ГIело ечара дерриг а до шаьш хьийзориг арздан кхерийта. Нах кхета шаьш шайна гIелоечаьрца цхьана махкахь беха безийла, цаьргахь ницкъ буйла, царна хIумма а дийр доцийла, цара шайна бекхам бийр буйла", - дуьйцу Сокирянскаяс.
Дуккха а масалш ду шайна тIехь Iазап лайнарш тIеман тобанех дIакхетта
Iазап лайначех цхьаболучара хаамаш бо «Iазапна дуьхьалоечу комитете», амма тIахьа юхадоьху шаьш яздина аьрзнаш, боху комитетан Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. "2018-чу шеран Лахьан-баттахь дуьйна схьа 12 арз даийтинера тхоьга. Царех пхиъ толлуш, оха гулйинчу информацино бакъ до гIелонаш йина хилар. Ткъа дисина аьрзнаш таллар сацийна цхьацца бахьанашца", - дуьйцу цо.
Пискуновна хетарехь, кхушара аьрзнаш стохкачул кIезиг хилар коронавирус яьржина леларца а дозу. Iазап муьлхачу барамашкахь лела, билггал ала дац, цунна гарехь - массарна ца хаьа Iазапца къуьйсу комитет юйла.
"Юй хууш берш а ца хIуьтту арздан, кхоьру шайн дахар хадорах, гергарчарна гIелоярх. Баттахь ворхI-бархI арз кхочу тхоьга. Дукха хьолехь Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера. Царел тIаьхьа ю ГIебарта-Балкхаройчоь, ХIирийчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Ставропол-мохк", - элира бакъоларъярхочо.
ТIехь Iазап латторах лаьцна аьрзнаш "Гражданское содействие" комитете а до наха, амма цига шаьш бовза а бовзуьйтуш яздан деза нехан, цундела дукха хьолехь ца хIуьтту иза дан.
"Хьал кхин а доьхначу даларх кхоьру нах. Оха цхьаьнхьа хаийта деза шайна динарг, иза шаьш декъахь а доцуш луьстур ду аьлла хета Iазап лайначарна. Ткъа ишта ца хуьлу", - боху "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас.
Амма нисло шайна йина хьу лачкъа ца еш, синкхетам могуш а буьсий, нийсо лаха арабовлурш а.
"Иштачара кхеле доккху шайна дина зулам, толаме кхаччалц къовсало уьш (дукха хьолехь Европан кхеле кхаьчча бен а ца карайо нийсо - Оьрсийчохь цхьа наггахь бен ца тоьлу). Бекхам бан арабовлурш а хуьлу. Дуккха а масалш ду шайна тIехь Iазап лайнарш тIеман тобанех дIакхетта", - дуьйцу Сокирянскаяс.
Наханна тIехь Iазап латточарна таIзар дой Iедало?
Бакъоларъярхоша дийцарехь, бахархошна тIехь гIелояр кIезиг толлу, цхьа наггахь бен ца кхочу дов кхеле, цигахь оьшу арздинарш.
"Бехктакхаман гIуллакх айдеш нисло, амма сихха дIакъовлу. Я цхьа кIадбоцу таIзар кхайкхадо, юха аппеляци йича, сацам юхабоккху", - Ганнушкина Светланас бахарехь.
Советийн заманара схьадогIу, гIело а еш, нахера дареш дахар
Оьрсийчохь кхел ФСБ-но шен лааме ерзийна, билгалдоккху Ганнушкинас. Цо дийцарехь, девнаш политикаца доьзна ца хиларх а, тергонехь кхобу ФСБ-но. Дукха а девнаш хуьлу ФСБ-но дина зуламаш хьахалуш, кхело ша луьстийла дац ФСБ-ца доьзнарг, олий, цуьнгара даьлла вониг юьстахдуьтуш.
"Iазапна дуьхьалоечу комитето" вуно дукха материалаш чуелла кхелашка полисхоша динчу зуламийн хьокъехь, амма кхел йина яц цхьанненна а.
"Делахь а, кхаа кхелан сацаме ладоьгIу оха: цхьаъ – Нохчийчохь дина зулам, шиъ – Дагестанехь. Амма хууш дац муха, хIун сацамца йоьрзур ю кхел, хан тухур ю я яц", дуьйцу Пискуновс.
"Human Rights Watch юкъаралло ца ло девнаш кхеле. Цундела оха бакъо лоьхучу нахаца болх беш документаш хIиттадо, бузу аьрзнаш ден нах адвокатех. Тхаьшна вуно къоршаме хета зуламаш хааделча, оха Талламан комитете хеттарш хьийсадо. Халахеташ делахь а, моттаргIина яздина хуьлу дохкуьйту жоьпаш", - боху Сокирянскаяс.
Стенна магадо наханна тIехь Iазап латтор Оьрсийчоьнан ницкъхошна?
Iазап леларан коьрта бахьана ду низамаш лардан тIехIиттийначу белхахойн корматалла лахара хилар, тешна ю Ганнушкина Светлана. Цунна гарехь, Советийн заманара дуьйна схьа бу Iазап нахе тоьшаллаш "охьадохкуьйту" гIирс.
Iазап ца латтийта цхьа некъ бен бац, боху бакъоларъярхоша – пачхьалкхера кхелан а, низахойн а система хийцар.
"Полицин, талламчийн, прокурорийн декхаршлахь хила ца деза масса стаг лаца веза, чуволла веза, мел бехктакхам гIатто беза аьлла долу терахьаш, церан белхан эвсаралла нах дукха чубохкарца юзуш ю, цундела ма-хуьллу дукха нах жоьпе ийзо араевлла лела церан хьукматаш, иза харцо ю", - тешна ву Пискунов.
"Нохчийчохь ницкъаллин урхаллаш низаме муха яло еза суна хаъане а ца хаьа, Талламан комитет гIорасиз ю 99%. МогIара талламчаш хьовха, лакхарчу даржашкара талламчаш а ца баьхьа меттигера полици хьаян", - боху Пискуновс.
Етта, шайна хила зен доцийла а хууш
Сокирянская тешна ю ницкъхошна наханна тIехь дерриг а дан магорца къийсам латто безаш хиларх. Низамехь йоцчу кепехь даьхна тоьшаллаш бакъ дан ца деза кхело, стага ша бехке ву алар талла деза, цо иза муха, стенна аьлла хаа деза, "къера ву – бехке ву" боху принцип ю цкъачунна пачхьалкхехь лелаш, дуьйцу цо. Цунна хетарехь, Iазап адамашна тIехь латтадо иза магош хиларна, наханна гIело ечу урхаллашна хуьлуш цхьа а бекхам бацарна. "Ишта болх барна полисхой чубохка болабахь, соцур ду Iазапаш а", - билгалдаьккхира Сокирянскаяс.