ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Дональда хаам бина шена коронавирусан ун даларх


Трамп Дональд
Трамп Дональд

Еарин буса Трамп Дональда хаамбина, шена а, шен хIусамнанна Меланина а коронавирусан ун даьлла аьлла. Тестан жамIаш кара ма кхаьчча, шаьшиъ карантине дахана аьлла яздо Тармпа твиттерехь.

"ЦХЬАНИЙ чекхдер ду тхойшиъ цунах", - яздина президенто.

Хьалхо къаьстира, Трампан гIоьнчех Хикс Хоуках вирус кхеттта хилар, цул тIаьхьа Трампа а, цуьнан хIусамнанас а тесташ яйтинера. Президенто а, КIайчу цIийно а дуьйцуш дацара, инфекцин билгалонаш Трампца юйла.

Президентан харжамаш тIекхача бутт биссина, харжамийн кампани жигара яьллачу заманчохь къаьстина Трампца коронавирус.
Президжент хила демократаша хьалхатеттинчу кандидатца Байден Джоца байначу беттан 29-чохь дебаташ хилира Трампан.

Хууш дац, Байден тестах чекхваьлий. Трамп Огайо штате дебаташка воьдучу хенахь президентаца цхьана хилла Хикс. Карантинехь висса везаро йохийна Трампан планаш. Гергарчу хенахь харжамашца доьзна дуккха а цхьанакхетарш дара цуьнан хила дезаш, иштта, кеп-кепарчу барамашкахь дакъа лаца лерина а вара.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 7 миллион сов вахархочуьнца къаьстира коронавирусан инфекци, ткъа иза бахархойн ши процент сов ю. Къелхина уьнах 200 эзар сов Iамеркахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG