"ГIалгIайчоьнан халкъан кхеташонан" гуламехь къаьмнашна юкъахь гамо гIаттон тарлун декъашхоша дийцинчунна тIехь талламбо мехкан прокуратурано. Церан дешнашца экстремизман билгалонаш юй хьожуш, лингвистийн талламбар тIедиллина прокуратурано, яздо "Интерфаксо".
"Экстремизмана дуьхьало латторан" низам дохон могуьйтур цахиларх Абадиев Идрисе дIахьедина республикан прокуроро.
ГIалгIайн протестех лаьцна хьалхо Абадиев Идриса дина мукIарло зорбане даьккхинера. Лецначу протестийн жигархойх негативе вистхиллера иза, ша царна тIехIуттуш цахилар а къастош.
ТIаьхьо Абадиевс видео дIаязйира, ша и къамел дина дац, бIаьргех духку куьзганаш цахиларна, деша а ца доьшуш, шега кховдийначу кехаташна куьйгаш яздира ша аьлла. Цуьнан адвокато а бакъдира публицистан дIахьедар.