Махкарчу Iедалхошца тIаьххьара хиллачу кхеташонехь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа кхайкхамбина, массаьрга а прививкаш йе аьлла. Динан урхаллан инстаграмерчу агIонехь далийна муфтин дешнаш.
"Вакцинацех дерг аьлча, медицинан коьртехь болчу наха жоп луш хилча, хIара дан дезаш ду, ца дича зен хир ду бохуш а хилча, шарIо церан жоп схьа а оьций, вайна тIедожош ду. Цундела вакцинаци йе бохуш, кхайкхам бо вай!", - боху Межиевс.
Хьалхо дийца даьккхира, Къилбаседа-ХIирийчоьнан пачхьалкхан медицинан академин дешархой декхаребина, гриппах вакцинаци ян аьлла.