ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кикабидзе Вахтанг Гуьжийчоьнан парламенте ваха воллу Саакашвилин партица


Керла Хан

Гуьржийчохь хила безачу парламентан харжамийн декъа яхначу экс-президентан Саакашвили Михаилан “Къоман боламан цхьаалла" партерчу кандидатийн могIарахь хьалхара ву актер, йишлакхархо Кикабидзе Вахтанг. Оцу хьокъехь хаам бина оцу партех карарчу хенахь парламентан депутат лаьттачу Бокучава Тинатина.

"Оха юкъахь бина къастам бу иза, Кикабидзе патриотизман а, куьйган цIаналлин а васт ду гуьржашлахь", – аьлла Бокучавас.

Цо бахарехь, "Къоман боламан цхьаалла" тола дагахь ю тIебогIучу парламентан харжамашкахь.

Оппозицехь йолчу оцу а, кхечу партийн "Ницкъ - цхьааллехь" цхьаьнакхетаралло а шайн коалицин цIарах премьер-министран кандидат хилар дехна Саакашвилига.

Гуьржийчохь парламентан харжамаш хир бу кху беттан 31-чу дийнахь, ткъа ша харжамийн компани йолаелла официалехь.

150 депутат ву Гуьржийчоьнан парламенте хоржуш: 120 партино вовшахтоьхна кандидаташ, 30 – мажоритаран кепехь, шаьш-шайггара мандаташ къовсуш.

Парламентан харжамийн кепашна резабоцу бахархой гуламашка бевлира дукха хан йоццуш, цара Iедал декхаредира харжамаш бирзича муьлхха а парти парламенте кхачаен 5% кхин а лахаяккха. И доза хIинца Гуьржийчоьно лахдина 1% кхаччалц.

Гуьржийчоьнан парламентан тIаьххьарчу харжамашкахь (2016 шо) 115 меттиг а кхаьчна, куьйгалла ден парти хилира "Гуьржийн сатийсам". Ткъа " Къоман боламан цхьааллина" ца белира харжамхоша парламенте 27 меттиг бен.

Саакашвили Михаила Гезгамашин-беттан 27-чохь дIахьедира ша даймахка юхаверза а, цигахь политике юхаван а лерина хиларх лаьцна. Оццу дийнахь цунна жоп хьажийра социалан машанашкахула Гуьржийчоьнан юстицин министра Цулукиани Теяс: "Нийсса дозанехь иза лоцур а ву, набахте дIа а хьажор ву". Цо дагадаийтира Саакашвили Iедало лохуш хилар а, цунна кхелаша масийттаза набахтехь такха хенаш йиттина хилар а.

XS
SM
MD
LG