ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс – Навальныйга: "Хьо еккъа дIа тайниг ю Оьрсийчоь йохо луучийн карахь"


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, Германе дарба дан вигина волу оппозиционер Навальный Алексей "Оьрсийчоь юхийла луучийн карахь тайниг ю".

Иштта комментари йина цо шен телеграм-каналехь Оьрсийчоьнан президент ву Навальныйна дIовш деллачийн декъахь аьлла яьржинчу версина дуьхьал.

Кадыровс билгалдоккху, нагахь санна Оьрсийчохь цхьанна Навальный вен лууш хиллехь, "цхьана а лоьро пIелг меттахъхьабийр бацара хьо кIелхьара ваккха, ткъа немцойн кема дуссуьйтур дацара Омскерчу аэропорте".

"Иштачу екаргийн цхьа чаккхе хуьлу – цунах мукъабовлу цуьнан долахой", - боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

  • Хьалхо Навальныйс, ша тиларчу веана массех де даьллачул тIаьхьа, Германерчу Spiegel журнална еллачу интервьюхь элира, Оьрсийчоьнан президент лору ша шена дIовш даларна бехке: "Оцу зуламна тIехьа Путин лаьтташ хиларх тешна ву со, сан кхин верси яц".
XS
SM
MD
LG