ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу бахархойн телефонаш кегон буьйлабелла полисхой


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Нохчийчохь полисхоша дIахьочу рейдашкахь бахархойн паспорташка хьоьвсина ца Iаш, церан телефонаш а цхьана кегайо аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло. Меттигерчу бахархошна хетарехь, социалан машанашкахь нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон видеошка а хьуьйсуш, цу бухахь Iедална луьйш болу нах лоьху цара.

"Накъосташца Хьалха-Мартанан кIошта доьлхучу хенахь полисхойн рейдана тIеIоттаделира тхо. Машенан кехаташка а хьоьвси, кисанара массао а хIума хьала а яккхийти тхоьга. ТIаккха телефонаш чохь Телеграм хьенан ю, инстаграме а, ютьюбе а дуьйлий шу бохуш, хеттарш дира. Телефонаш схьаяста аьлча, цхьаммо блок дIайоккху а моттуьйтуш, шен телефончуьра дIаяьккха ларийра Телеграм", - аьлла, дийцина агенталле Нохчийчуьрчу Мохьмад цIе йолчу вахархочо.

Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.

Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG