ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса ковидах 11 стаг велла. Ун даьлла ву 691 вахархо


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 11 дархо, вирус къаьстина кхин а 691 стагаца.

Эпидемица къийсам латто Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла кхоъ, Краснодаран махкахь а, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а цхьацца велла.

Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву 1 685 стаг.
Къаьсттина дукха хаабелла ун даьлларш Ставропорлан махкахь яхначу буса - 149:

Ставрополан кIоштахь+153 (16 528 ву эпидеми йолаелчхьана)
Краснодаран махкахь̆ + 106 (14 290)
Дагестанехь + 85 (13 684)
ГIалмакхойчохь + 79 (6 657)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 80 (7 274)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 55 (7 820)
ГIалгIайчохь + 54 (5 833)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 36 (5 924)
Адыгейхь + 37 (4 186)
Нохчийчохь + 6 (2 447)

COVID-19 вирус токхуш ву тахана Къилбаседа Кавказехь 84 643 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву тахана коронавирусан уьнца 1 204 502 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG