Оршот
КIира долалушшехь хаам кхечира, Веданан кIоштарчу Дишни-Веданарчу Сайдумов Сидикъах хилларг цуьнан гергарчарна хууш доцу ши кIира хуьллуш лаьтта аьлла. Францехь бехачу шен доьзалх дIакхета воьдучу заманчохь транзитехь Белорусин дозанехь нисвелла иза, меттигерчу дозанхоша сацийнера, цул тIаьхьа Оьрсийчоьне дIавелла а хиллера. Белорусин Iедало иза лацаран бахьанаш хууш дац бохуш, чIагIонаш йира Сидикъан доттагIаша. Ур-атталла, я федералан а, я Интерполон а лехамашкахь а вацара иза, боху цара. ТIаьххьарчу 7 шарахь Францехь вехаш хилла Сайдумов шен хIусамненаца а, кхаа бераца а.
Шинара
Кху шеран Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь лачкъийна вигина хила тарло 53 гергга стаг, царех 20 тIаьхьо маьршаваьккхина. Махкахь нах лецначух тера ду къайлаваьккхинчу IАДАТ телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан зIе хилла нах гучубаха Iалашонца аьлла, хьажам бу"Кавказский узел" агенталлан. Цаьрга дIакхачийна IАДАТА махкахь лаьцна вигинчу I8-ннан цIераш, ду оцу тептарехь зудий-майрий а, цхьа кхиазхо а. IАДАТ телеграм-канало къайлах болх бахь а, цунах тешам лаьтта Нохчийчохь болчийн аьлла блогера Абдурахманов Тумсос. Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь IADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Тахана а шен цIийнах кхетаза ву Тепсуркаев, цкъачунна хууш дац цунах хилларг гергарчарна а.
Кхаара
Нохчийчуьрчу Iедалхойн харцонех ведда вахначу Илаев Амхьмадна тховкIело яла дуьхьал ю Украина. Хьалхо миграцин хьукмато мухIажиран статус ца луш бинчу сацамна латкъамбинера цо кхелахошка. Илаевн интересаш Iалашъечу адвокато Ангелин Ивана дIахьедо: "Лакхарчу кхело ур-атталла листа а ца долийра цуьнан арз, хьалхарчу инстанцехь дина вердикт ша ма-дарра дитира". Ангелина бахарехь, гергарчу хенахь цуьнан клиент юха а кхеле вала дагахь ву, шен гIуллакхехь цхьацца хилла хийцамаш чоьте а эцна. Оьрсийчоьно Илаев бехке веш ву Нохчийчохь 5 стаг верна. Цуьнан адвокаташа чIагIдо, зулам дечу хенахь иза республикехь хилла а вац бохуш. Илаев а, цуьнан жимаха волу ваша а дIавахара Оьрсийчуьра шаьшшина гергара кхо стаг ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна дIа а вигина, вийначул тIаьхьа. Украинин Иштта, Лаккхарчу Радан 8 депутато кхеле дIахецар дехна 33 шо долу Нохчийчоьнан вахархо Илаев Амхьад. Цунна экстрадици яр доьхуш ю Оьрсийчоьнан Талламан комитет.
Еара
Санкт-Петербургехь полицино лаьцна ММА-н латархо, Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпион волу Вахаев Iумар. Хаамийн гIирсашкахь еарин Iуьйранна яздира, кхаарин сарахь Южный олучу шоссена уллорчу цIийнан хьалха герзаш деттарх полицин декъе хаам кхачарх. Дийцинчу адресаца схьакхаьчча, ницкъахошна карийна "ППО 539 I0" тIеяздина ши гильза, уьш экспертизе яхьийтинера цара. "Герзаш деттачу юкъанна уьйтIахь лаьтташ ши машен хиллера:"Лада Приора" а, "Мерседес Бенц" а. Мерседес сацийча, оцу чохь хиллера Нохчийчуьра бахархой, ву царлахь гоьваьлла спортхо а", - аьлла, хаамбина "КП-Петербург" ресурсе полицин декъерчу хьостано. 28 шо долу Вахаев воцург а, 25 шарера 29 шаре ваьлла кхи а кхо стаг хилла цу чохь. Уьш берриш а полицин декъе дIабигина, протоколаш хIиттон а, хулиганалла лелорна бехкзуламан гIуллакх доло а. Герзаш деттар толлуш ду, иштта къасто хьийза хиллий ММА-н латархо инцидентана гунахь. 2017-чу шарахь Петарбухарчу Московский олучу кIоштахь цхьана ресторана хьалха кегийрхойн тобано йиттинера ММА-н латархочунна Вахаев Iумарна. Тергамчаша дийцарехь, самукъадоккхучу клубера араваьлла Вахаев машенаш лаьттачу паркинге воьдучу заманчохь, цунна тIевеанера ши жимстаг. Эххар а церан дар-дацар даьлла, латарца дIа а доьрзуш. «Красноярскан хаамаш» газетано яздарехь, латале хьалха Вахаевс травматикан герз тоьхна хилла шена чугIертачун некха юккъе. Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпион а ву Вахаев Iумар, ишта ММА-н латархо а ву. 20I3-20I4-чу а шерашкахь 4-зза толамаш баьхна цо кеп-кепарчу латаршкахь. ТIаьххьарчу хенахь Петарбухахь ваха хиинера иза.
ПIераска
ПIераскан дийнахь зорбанашкахь дийца даьккхира, Симферополехь йиттина веллачу стеган хьокъехь бехкзуламан гIуллакх диллина, шеконаш Нохчийчуьрчу вахархочунна тIеэгна аьлла. Оьрсийчоьнан ГIирмерчу Талламан комитетан векало Постнова Ольгас бина и хаам. "Байначу беттан 20-чу буса Маркс Карлан урамерчу кафена гергахь къаьркъа меллачу Симферополан вахархочун а, вевзаш воцучу кхечу стеган а дов иккхинера. Вовшех летачу заманчохь меттигерчу вахархочунна буй тоьхча, галваьлла, лаьттарчу бетонах кхетта, шолгIачу дийнахь веллера иза", - дийцина Постновас. Талламчийн хаамца, оцу зуламна бехке ву Нохчийчуьра вахархо. "Нохчийчоьнан ГIирмерчу векалца юкъахь къастон аьтто хилира, леташ хилла шолгIаниг мила хилла. ГIирмехь садоIуш волу Нохчийчуьра вахархо хиллера иза, инцидент хилла масех де даьлча даймахка дIавахана иза. Болчу хаамашца, хиллачун тIаьхьенах информаци ца хилла цуьнгахь. Гергарчу хенахь, бехкениг юкъа а валийна, талламаш бу дIахьур болуш, хилларг билггал къастош", - аьлла, тIетоьхна Талламан комитетан белхахочо.
Шотт
Нохчийчохь полисхоша дIахьочу рейдашкахь бахархойн паспорташка хьоьвсина ца Iаш, церан телефонаш а цхьана кегайо аьлла, яздииа "Кавказский узел" агенталло. Меттигерчу бахархошна хетарехь, социалан машанашкахь нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон видеошка а хьуьйсуш, цу бухахь Iедална луьйш болу нах лоьху цара. "Накъосташца Хьалха-Мартанан кIошта доьлхучу хенахь полисхойн рейдана тIеIоттаделира тхо. Машенан кехаташка а хьоьвсира, кисанара массао а хIума хьала а яккхийтира тхоьга. ТIаккха телефонаш чохь Телеграм хьенан ю, инстаграме а, ютьюбе а дуьйлий шу бохуш, хеттарш дира. Телефонаш схьаяста аьлча, блок дIайоккху а моттуьйтуш, тхан накъост ларийра шен телефончуьра Телеграм дIаяьккха", - аьлла, дийцина агенталле Нохчийчуьрчу Мохьмад цIе йолчу вахархочо. Карладоккху, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь полицино лаьцна 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла. ТIаьхьо гергарчарна полисхошлахь вевзина Умаров лачкъийнарг – цара чIагIдарехь, Байтуев Мохьмад ву иза. Шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна комментари йитира Кадыровс. Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цуьнан болх деккъа дIа прессица юкъарло латторрий, ша тIедехкина декхарш кхочушдаррий бен бац, цундела цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а лаьцна, цхьаьнхьа а вигина вац, аьлла, дIахьедира нохчийн куьйгалхочо.
КIиранан де
КIира доьрзуш, уггар а синтеме хаам бара, Нохчийчохь коронавирусан инфекцица долу хьал, кхечу регионашца дуьстича, гIоле ду алар. Маьждигашкахь ламазаш дар а вовшашна юкъара дистанци ларъеш, масканаш лелош, массо а Роспотребнадзоран а, санитаран-эпидемин хьукматан а тIедахкарш кхочушдеш, ларлуш схьабогIу махкара бахархой. ГIалин юкъарчу транспорта чу ца хоуьйту, нагахь санна, бетах йоьллина маска яцахь. Ницкъаллийн структурийн а, Роспотребнадзоран а белхахоша терго латтайо оцу низама тIехь. Москвара догIучу рогIерчу кемана дуьхьал баьхкина хуьлу Роспотребнадзоран белхахой. Пассажирийн карахь COVID-19 вирус яц аьлла, тестан жамI хила деза, я ун текхна ву аьлла, кехат-тоьшалла хила деза. Нагахь санна, иза а, я важа дацахь, леринчу тептаре воккху иза, цул совнах, карантине хааво. Регионан Iедалхоша дIахьедарехь, коронавирус ца яржийтархьама хьал тергонехь латтош ду, делахь а, паргIат довлийла яц. Оцу юкъанна, бахархошна вакцинаци ян кечамаш бу беш. Тесташ хIинцале а Нохчийчу кхачийна.