ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даржаш дита тарло Дагестанан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхоша


Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир
Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир

Шайгара даржаш хенал хьалха охьадахка тарлуш ду Дагестанан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхоша. "Минченко консалтинг" холдинго кечйинчу "политикан чIагIонан рейтинганна" тIе а тевжаш, яздо оцу хьокъехь "Ведомости" газето.

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира шега дарж дита тарлуш хиларх лаьцна хаам бира хьалхо РБК-но а. Президентан администрацерчу хьостанна тIе а тевжаш, яздора агенталло, цуьнга претензеш яц, амма цо дарж дита мега могашаллица доьзна, аьлла. 71 шо ду Васильевн. Президента Путин Владимира кхо шо хьалха хIоттийра иза Дагестанна коьрте.

Васильевгара меттиг бала тарло Ставропол-мехкан цIарах Федерацин Кхеташонехь волчу 55 шо кхаьчначу инарле Меликов Сергейга. Дийцарехь, хийцам хила мега, массанхьа а санна, Дагестанехь 2021-чу шеран Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь хинболу харжамаш тIекхачале. Минченко консалтингерчу" эксперташна хетарехь, кху гурахь, я тIейогIучу бIаьста балхах мукъавер ву Васильев.

Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а парламенташа мехкийн куьйгалхой хоржур бу тIедогIучу шарахь. Муьлш хир бу Темрезов Рашидан а, Битаров Вячеславан а метта, хууш дац эксперташна. Шина а махкахь куьйгалхошний, бахархошний юкъахь цакхетамаш лаьттина политика бахьанехь, къовсамехь дара каронавирус яьржинчу хьелашкахь мехкаш муха баха беза бохург а.

Кхарачой-Чергазийчуьра конфликт листа баьхкира Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин векалш. Шайна алапашна тIетухуш йолу компенсацеш ца елла, кхерамзалла латтоо оьшу гIирс ца кхачийна бохуш, аьрзнаш дора кхоронавирус йоьллачу наханна дарбан деш хьийзачу лоьраша. Изза аьрзнаш хезара Къилбаседа ХIирийчуьра а. Байначу баттахь толлуш дара Битаровн долахь йолчу компанешна махкара латтанаш дIадаларх долу гIуллакх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG