Бакъоларъярхоша чIагIдарехь, гучудевлла 19 шо долу Нохчийчуьра оппозиционер, "1Adat" телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман Нохчийчуьрчу полицино вадийна хиларх долу керла тоьшаллаш.
"Iазапна дуьхьалояран комитетан" хаамца, жимастаг вадо баьхкина нах хилла Нохчийчуьра ноьмарш йолчу шина машенца. Царех цхьана машенан да ву полцин белхахо. Цул сов, Тепсуркаев вадавале хьалхо иза чохь вехачу хьешан цIийне телефон тоьхна а хилла Соьлжа-ГIалахь жимастаг вехачу куьпанна тIевиллинчу полисхочо. И информаци "Кимитето" дIаелла талламчашка, амма жоп дац делла цкъачунна.
Гезгамашин-беттан юьххьехь вадийна Тепсуркаев. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, юхьанца иза латтийна ницкъхойн Соьлжа-ГIаларчу "Терек" тобан базехь. Иза вадийначу муьрехь цо "ша-шена таIзар деш", верзина шишанна тIехууш видео яьржира интернетехула. Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша Тепсуркаев схьакарор дийхира Iедале, бевлира Европерчу адамийн бакъонийн кхеле.
Оьрсийчоьнан Европан кхелерчу векалша бакъ ца до Нохчийчуьра полици Тепсуркаев вадоран декъахь хилар, махкарчу муфтийс къобалдира таIзар дар. Межиев Салахьа догIу бохура цунна иштаниг.
Тахана а хууш яц Тепсуркаев Салман волу меттиг.
- "IADAT" телеграм-канало яржайо Нохчийчохь Iедало нах идорах, хьийзорах йолу информаци. "Кадыров Рамзанан режимца къийсалуш болу болам" олу шайн паблик хаамех юзучу декъашхоша. Цара тоьшалла дарехь, 53 стаг вадийна Нохчийчохь беккъа тIаьххьарчу бетта чохь. Тепсуркаев, царна хетарехь, вадийна, паблике язлуш болу нах лахархьама.
-