ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Дош


Сулейманов Юсуп
Дош

Шуьнан йист яййина, гIанта тIехь вазлуш,
ЧIогIа дош ахь алар тамаша бац.
Дош тоьлу, и делахь, даррехь, ша дазлуш,
Оьшшучохь сацадеш харцонан дарц.
Къеначун я беран дош чорде кагдеш,
Ма билла ахь цхьанна ца богIу бехк.
Дош тоьлу, ахь алахь и, ткъесах тардеш,
Боданехь цо баккхахь серлонга некъ.
Собарца аьллачу цу дешан чIагIо
Мокхаза бердал а нуьцкъала ю.
Ткъа, бакъ дош бу стеган болатан агIо.
Дош шалха даьллачохь сий а леш ду.

XS
SM
MD
LG