ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Аьхке


Сулейманов Юсуп

Аьхке

Комаьрша хьоьжучу
Сирлачу малхо
Нур лучу тулгIешца
Зезагаш ловзош,
Бай хьоьстуш хьоькхучу
Эсалчу мохо
НиIмат ду хIуо цIена
Iаламе кхийдош.


Цу мохан хьекхарехь
ХIорд санна техкаш,
Лаьттачу хьаннашкахь
Зевналла ека.
Сийначу цу стиглахь
Бамбеха керчаш,
ГIевттинчу мархийн а
КIайн кескаш текха.


Аренга идарца
ГIар хазош генна,
Iаннашкахь кхиссалуш
Шовданаш дека,
Аьхке тхан ирс ду,
Бохучух терра
Хотера атйокх а
Сов тайна ека.

Аьхке хьан Iаьнарца
Ун - бала бедда,
Сан даге шовкъ кхаьчна
Марзделла дахар.
Кад мелла вехна со,
Ахь сайна белла,
Иллешца хьоьстуш хьо
Бошмашкахь наха.
1961 шо.

XS
SM
MD
LG