ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Ас цунна некъ лур бу


Сулейманов Юсуп
Ас цунна некъ лур бу

Эшамо язйинчу дахаран ворданахь
Тишвелларг мухха а новкъахь сайн Iотталахь,
ГIо гойтуш, айвелла, вошаллин куьг делла,
Хало а, гIайгIа а ас цуьнца йоькъур ю.

Буьрсачу къийсамехь ирс лардеш да воьжча,
Дисинчу буо-беро, де эшна, неI тоьхча,
Сихвелла гIаьттина, пхьор делла, хьаьстина,
Сайн хIусман и йовхо ас цунна дIалур ю.

Халкъан ирс лехарехь тешаме куьг делла,
Харц чехош, бакъонан урх лаца сихвелла,
ВогIучу цу новкъахь и дуьхьал Iотталахь,
Суо бердах водахь а, ас цунна некъ лур бу.

Сонтачу ойланца «со» аьлла гIаьттинарг,
Ша-шена ирс лехна, стогаллех къаьстинарг,
Сайн иллин тохамца кхиэл йина човхорца,
Нех санна карчийна, ас юьстах кхуссур ву.


Эсалчу Iаьнарца ламанаш хьаьстина,
Арешкахь, раьгIнашкахь беркатца яьржина,
Маьршачу боларехь и буьйса чекхъяьллехь,
Яааза вижнехь а, со вуьзна гIоттур ву.

XS
SM
MD
LG