ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Ойланийн хеттарш


Сулейманов Юсуп
Ойланийн хеттарш

Орцанна догцIена гIаьттина вогIучу
Беречун чехкачу некъах,
Чот йоцчу безамца агана хьоьжучу
Къоначу цу ненан еларх
Кхаъ хиллий хьан дагна
Сахиллалц лоькхучу
Зарзарийн зевнечу эшарх?

Дохк доцчу стигланийн лакхене кхерстачу
Кхокханан сийна тIам беттар,
Шен хоршан йистошкахь зезагаш хьоьстучу
Шовданан эсала керчар,
Ма-гинна, айделла, хьаьвсина дуй техьа
Зоьрталчу пепнийн и баххьаш?

ПаргIато ларъечохьца ласта хIиттинчу
Нуьцкъалчу мокхазан бердех,
Нийсонан мерз бекош, стогалла хесточу
Бакъволчу поэтан дешнех
Таръяла лаарна, дуьйлина дуй техьа
Аьрзуно шен кура тIемаш?

XS
SM
MD
LG