ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Веданан гIап 


Веданан гIап

ПаргIато езачу
Веданан арахь
Шуьйрра дIабаржийна
Хьан мокха тIам ,
Сан дайшна гIелоян
Даьккхинчу хоршахь
Ма цхьана йисси хьо,
Веданан гIап?

Цу корийн хьежаро
ДIаьвше цIе етташ,
Кхоьллина масане
Iовжаме де?!
ХIинца и дIаяйна.

Маьрша ду некъаш
Бохур дац, вон бу нах,
Кхин цкъа а ахь.
Орамаш хьарчийна
ТIулган цу некъах
Зезаг ду моьлуш малх
Хьан кора тIехь.
Хенаш тIехъйилла хьан,
Зардоларх пенаш,
Лаьтто чкъор хийцина
Ширъяларх чхо,
Маьршачу дахаран
Аьзнашца йоьлуш,
Тур карахь долчул хьо
Ницкъ болуш го.
1984 шо.

XS
SM
MD
LG