ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Къоламе


Къоламе

Шарша, сан къолам, хьо шарша
Кхуллучу хIора а дашца,
Кхайкхорца сан лаам, безам.
Лен доцчу иллешца бека.
Аттачу дешнашка кхийдаш,
Ма яйа эрна хан-зама,
Осала некъахо човхош ,
Бакъонна пусар дан Iама.
Халкъан ирс лардечу новкъахь
Сан деган туркх хилий гIатта.
Бекхаман шед хилий, доггах ,
Харцонан пIендарийх хьарча.

XS
SM
MD
LG