Embed
share
Сулейманов Юсуп. Дог
гIирс: Маршо Радио
Embed
share
The code has been copied to your clipboard.
The URL has been copied to your clipboard
No media source currently available
0:00
0:00:50
0:00
Линкана тIе
Даге
ДуьххьалдIа аьттуна со къежо гIерташ,
Сан некхах эрна ма леталахь, дог.
Хьакъ доцчу дешнашца дозалле кхийдаш,
Осалчу цу новкъа ма гIолахь, дог.
Харц, бакъо къасточохь вистхила дезча,
ХьегIарца, ладоьгIуш ма Iелахь, дог.
Сихаллехь цхьаьнга ас цадогIург аьлча,
Кханенна байттамал ма делахь, дог.
Ца оьшу хестамаш, хабаран толам
Вайшинна юьстах ахь биталахь, дог.
Иллешца къобалбеш къонахийн болам,
Цаьрца бакъ хьошалла кхоллалахь, дог.
-КIант,-сихло Даймехкан орцанна гIатта!-
Аьлла, вай дIакхойкхуш, хьаалахь, дог,
Бекхаман ткъес хилий, герз кховдош майрра,
Масонца со новкъа ваккхалахь, дог.