ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. ТIулган дийцар


ТIулган дийцар

ТIулг бара цкъа айлуш, тIаккха чулахлуш,
И хьоьстуш керчара ламанан хи.
ТулгIеша ен гIовгIацкъачунна лахлуш,
Шен маттахь къамел дан хIоьттира и.

-Ма мотта даима со кхузахь Iийна,
Беха бу лаьтта тIехь ас кхехьна некъ.
Есаллин садукъден тов а ма зийна,
Аренех, башлаьмнех бийлина чекх.

Чехийна, кхолламан вуон, дикий кхийдош,
Собарца лайна ас халонийн дукъ.
Наха а, шаьш лардеш, герзашца къийзош,
Дарбина хийлазза сан шога букъ.

Iиллина хьоладен хурманийн бешахь,
Кочачу эшаршка дийгIина ла.
Езна яц уьш суна: гIайгIанийн цIергахь
Ас кхечу аьзнашка тийсина са.

Хилла со керташкаш оьздачу кIентийн.
Дийцаре кхин дIа а ладогIа ахь.
Бевзина поэташ-сийлаллин хьеший.
Уьш баьхна хестаеш стогалла, яхь.

Церан бакъ иллеша, аз кура декаш,
Кхийдийна соь собар, дахчийна гIад.
Уьш бовзар, безар а сайн ирс а хеташ,
Мийлина ас цаьрца дахаран кад.

Шовданан йисте а со вахна хийла.
Хьистина масане безамаш ас.
Шиъ вовшех къаьстича, къурдаш деш гIийла,
Балхийна сайн кийрахь, ца хазош аз.

Безамна шалхо еш кховдийна гIулч а
Язъелла суна тIехь, гордаеш дог.
ГIиртина карча а харцо ца гуччу,
КIордорца цо кхийдош къахьонан дохк.

Сагатдеш хьежна со зезагийн лулахь,
Шен тIамарш яржийна, гIаьттича баI,
Беран лаг гича а дестечун буйнахь,
Денделла сан кийрахь Iийжамен даI.

Зуламан товбахьнехь и шовда лекъча,
Текхна ас тийналлехь дуккха а хан,
Юха а толамо шен лар схьаоьхьча,
ЦIа дина цхьаммо-ма букъа тIехь сан.

Лаьттина цигахь а со, хьанал хилла,
Керла вуо тIехIотталц, лазам а луш.
Дезна сан цул тIаьхьа да воцуш Iилла,
Цу хIусмах хилла и мокха чим гуш.

Хан яхча, бIешерийн чкъургаш тIе хиъна,
ДIаярца цуьнан чарх, хилла шех хIур,
Мохо шен мотт хьоькхуш, лаьттан чкъор диъна,
Суна а гайтира Iуьйренан нур.

Iийна со шу тIехь а, декъначохь ши кха,
Лардеш сайн букъа тIехь дозанан хьаьрк,
Шен доцчух катоьхна, мор бузо лиъна,
Сан дагах чекхбилла сутарчун бIаьрг.

ЧIир лохуш, стагана ластийна герз а
Кхетта ду сан дагах, чов кIорга еш,
Цу таррийн шакаршлахь дой аьрха терсаш,,
Хийла цIий Iенаран хилла со теш.

Теш хилла кIиллочорицкъанан дуьхьа
Гергарниг я доттагI бохамна луш.
Цецвийлла со цуьнан шалхачу юьхьах,
Оцуьнца бухбоцу ямартло гуш.

Нускалан лаамца дарвелла гIоттуш,
Цо нана човхош а хезнарг со ву.
Ден дог цо эшор а дицделла доцуш,
Лозучу ойланехь ас лардеш ду.

Iадатан боданца вахарца берта,
Човхийра мискачу шен йишин ирс.
Гина ду цо къиза хьаьшна и бер а,
Iаткъорца гIелонгахь шен сонта ницкъ.

Ца хилла сан кхоллам даим со хьоьстуш,
Делахь а дорцана къурд аьлла бац.
Ма латта хьо хIинца, хан ю дIайоьдуш:
Некъаца хьевалар хастаме дац.

Ницкъ эшна гур вац хьо, яхь, тешам ларбахь,
Сатоха дезначохь тарлолахь сох,
Амма, дIахаалахь,кхечуьнан бала
Iаьткъича, ши дакъа ма хилла сох.

XS
SM
MD
LG