ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Нохчийчоьне


Нохчийчоьне

Нохчийчоь, ас къамел
До хьоьца тахна.
Со ву ирсечу
Лаьмнашкахь кхиънарг.
Ву царех къастарна
Чов хилла дагна,
Геннарчу цу арахь
Ца ваьлла лелларг,
Вац хIинца дог гIийла.
Веха сан махкахь.
Сирла ю Iуьйренаш
Хьомечу арахь.
Лаьа-кх ахь декийта
Сан иллеш тахна,
Хьайн лаьмнех бухдуьйлу
Шовданаш санна.

XS
SM
MD
LG