ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн агIончаша банкашкахь шайн ахча дIакъовларца доьзна 32 арз дахьийтина Страсбургерчу кхеле


Навальный Алексейн штабан жигархоша Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле 32 арз хьажийна, «Коррупцица къуьйсалучу фондехула» (ФБК) шаьш доладерзадо аьлла, Оьрсийчоьно шайн ахча дIакъовларца доьзна. Оцу хьокъехь хаам баржийна РБК агенталлехула бакъоларъярхойн "Агора" тобано.

Аьрзнаш дахьийтиначаралахь бу Оьрсийчуьрчу 25 гIалину штабашкара жигархой. Политикаца доьзна «лецна» шайн ахчанаш Iедало, иза оцу кепехь дIалакъо гIерта шаьш бен оппозицин болх, адамашна цхьаьнакхетаршка гулдала Европан конвенцино луш йолу шайн бакъо тахийна Оьрсийчоьно, чIагIдо Навальныйн боламан декъашхоша.

100 сов Фондан дакъойн ахча лелачуьра сацийра банкашкахь 2019-чу шарахь айдинчу бехктакхаман гIуллакхца доьзна – талламчаша бахарехь, Фондехула ахчанаш доладаьхна Навальныйн гоно.

  • ФБК-н белхахоша ахчанаш хьарамлонца гулдина, талламчийн версица. Амма яьккхина яц цхьана а «зуламхочун» цIе. Гуллакх толлуш дуккха а волонтерийн, штабийн белхахойн хIусамех хьийсина полисхой. Навальныйн штабийн жигархоша Европан кхеле делла дуккха аьрзнаш.

XS
SM
MD
LG