ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь куьйгалхо хийцина: Васильев - дIавахна, Меликов – веана


Меликов Сергей
Меликов Сергей

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира дитина шегара дарж. Цуьнан бахьана ду боху Кремлан сайта тIехь Васильевн могашалла эшар. Президентан Путин Владимиран сацамца, Дагестанан куьйгалхочун дарж ханна, рогIера харжамаш тIекхаччалц, тешийна Меликов Сергейна.

Хьалхо масийтта хаамийн гIирсо информаци яржийра, Васильев даржах мукъавер ву, цуьнан метте инарла-полковник, Ставропол-мехкан цIарах Федерацин кхеташонера сенатор Меликов хIоттор ву, аьлла.

71 шо кхаьчна Васильевн. Кхаа шарахь Iийра иза Дагестанан коьртехь. Цо куьйгалла дечу юкъанна махкахь лецира массех лаккхара куьйгалхо, шайлахь ХIинжа-ГIалин мэр Мусаев Муса а, премьер-министран декхарш кхочушден Гамидов Iабдусамад а, цуьнан гIовсаш а, хьалха махкахь куьйгалла динчу хьаькаман ваша Абдулатипов Раджаб а волуш.

Васильевн метта веъначу Меликов Сергейн 55 шо ду. Иза Ставропол-мехкан сенатор вара Пачхьалкхан Думехь. Ткъа цул хьалха иза Iийна президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан даржехь.

РБК агенталлин хьостанашна хетарехь, Меликовна Кремло дарж тешор дозу иза ницкъхо хиларца а, цунна регион йовзарна а, иза тайпа-тукхамийн зIенаша лаьцна веха хьаькам вацарца а.

  • Шайгара даржаш хенал хьалха охьадахка тарло Кхарачой-Чергазийчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхоша а. "Минченко консалтинг" холдинго кечйинчу "политикан чIагIонан рейтинганна" тIе а тевжаш, яздо оцу хьокъехь "Ведомости" газето.

XS
SM
MD
LG