ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев Салман вадийнарш бевзина. Хьалха полисхой хилла бу уьш


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Социалан машанех пайдаоьйцучу нахана бевзина Нохчийчуьра 19 шо долу оппозицин жигархо Тепсуркаев Салман лачкъийнарш. Царна хетарехь, Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу лерринчу полкера полисхой бу уьш – 3-чу батальонан буьйранча Таймусханов Iиса а, цуьнан гIовс Юнусов Джамал а. Оцу хьокъехь хаам бина шен телеграм-каналехь нохчийн блогеро, политикан мухIажира Абдурахманов Тумсос.

Яьржина информаци кхечу хьостанашкахула зен гIоьртира Кавказ.Реалиин редакци, амма Соьлжа-ГIаларчу полицино цкъачунна жоп ца делла цо шега динчу хаттарна.

"Iазапна дуьхьалояран комитетан" хаамца, жимастаг вадо баьхкина нах хилла Нохчийчуьра ноьмарш йолчу шина машенца. Царех цхьана машенан да ву полцин белхахо. Цул сов, Тепсуркаев вадавале хьалхо иза чохь вехачу хьешан цIийне телефон тоьхна а хилла Соьлжа-ГIалахь жимастаг вехачу куьпанна тIевиллинчу полисхочо. И информаци "Кимитето" дIаелла талламчашка, амма жоп дац делла цкъачунна.

Гезгамашин-беттан юьххьехь вадийна Тепсуркаев. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, юхьанца иза латтийна ницкъхойн Соьлжа-ГIаларчу "Терек" тобан базехь. Иза вадийначу муьрехь цо "ша-шена таIзар деш", верзина шишанна тIехууш видео яьржира интернетехула. Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша Тепсуркаев схьакарор дийхира Iедале, бевлира Европерчу адамийн бакъонийн кхеле.

Оьрсийчоьнан Европан кхелерчу векалша бакъ ца до Нохчийчуьра полици Тепсуркаев вадоран декъахь хилар, махкарчу муфтийс къобалдира таIзар дар. Межиев Салахьа догIу бохура цунна иштаниг.

Тахана а хууш яц Тепсуркаев Салман волу меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG