ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГиргIизойчохь парламентан цIа дIалаьцна гуламхоша


ГIиргIизойчоьнан президент Жээнбеков Сооронбай дуьхьал вац кху кIирандийнахь бирзинчу парламентан харжамийн жамIаш низамера даха. Иштта дIахьедар даржийна пачхьалкхан куьйгалхочун пресс-векала. "Махкахь хIоьттина хьал тидаме а оьцуш, харжамийн жамIаш дуьззина таллар дехна президента Харжамийн Коьртачу Комиссига, оьшуш нислахь, уьш юхадаха дезар ду", — хаам бина пресс-секретара Стамалиева Толгонайс.

Оцу юкъанна, Бишкекерчу протестан декъашхоша шаьш кийча ду, боху, пачхьалкхехь халкъан Iедал а, керла премьер-министр а харжа.

Харжамийн жамIашна реза боцчу бахархоша яхначу буса (ГIадужу-беттан 6-гIачохь) дIалецна парламентан а, Къоман кхерамзаллин комитетан а хIусамаш. Кевнаш дохош, набахтин керта а кхаьчна протестхоша мукъаваьккхина коррупци яржорна бехке а вина, 11 шарна чувоьллина волу экс-президент Атамбаев Алмазбек а, премьераш лаьттина Исаков Сапар а, Сатыбалдиев Жанторо а.

Протесташхой а Iедалхой а дуьхьаллаьтташ дараш хилла 590 стаганна. цхьаъ велла, боху ГIиргIизойчоьнан могашаллин министралло.

Летарш дуьйладелира Бишкекехь стомара, парламентан харжамийн жамIаш довзийтича. Масийтта оппозицин партино дIахьедира, шаьш харжамаш дIахьош лелийначу харцонашна къера хир дац, аьлла. Иштта йолаелира протест. Милицино юкъаехира гIарайоккху гранаташ а, хиш детта машенаш а.

Гуламаш бу баьржаш ГIиргIизойчоьнан гIаланашкахула а, кIошташкахула а. Ош гIалахь а нисделла оппозицинний, Iедаланний аогIонашна юкъахь лелтарш.

ГIиргIизойчоьнан парламентера 120 депутатан меттиг къовсуш яра 16 парти. Партешна оьшуш болу 7% кхаьжнаш ца баьхна 4 партино бен. Царалахь ю Iедалехьа йолу "Биримдик" ("Цхьаалла") а, "Хьоме Кхыргызстан" а. Официалехь харжамийн жамIаш дIакхайкхо деза кху беттан 24-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG