ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров варца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдина


Соьлжа-ГIалахь бехктакхаман гIуллакх айдина меттигера вахархо Умаров Мовсар варца доьзна. Ткъа айдина иза кодексан "Стаг вер" цIе йолчу декъехула. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига хаам бина Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллехь.

Умаров лецира цо болх бечу Соьлжа-ГIалин центрерчу ресторанехь биъ бутт гергга хьалха. ШолгIачу дийнахь иза полицин декъехь хилар билгалделира гергарчарна. Цигахь цаьрга аьлла, YouTube машанехь оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видеоканале хьежарна лаьцна иза. Ткъа тIаьхьо доьза вайна лаьцнарг. Гергарчаьрга полицино, ша талламаш дIахьош, иза шен карара ваьлла, ведда, аьлла. Доьзална хетарехь, дийна вац Умаров.

Умаровн ненан лаамца айдина иза варах долу бехктакхаман гIуллакх. Адвокат ву доьзалан "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхо Пискунов Дмитрий. Цо тоьшалла дарца, цхьа наггахь бен ца гIаттадо Нохчийчохь доьза байначу нехан хьокъехь бехктакхаман дов, гIаттийча а, талламчаша бан ма-доггIу ца бо шайн болх. "Делахь а иза тоьлу хIумма а ца дечул, гарехь, Талламан комитет ша къахьоьгу аьлла гайта гIерта Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеланна хьалха", - боху Пискуновс.

  • Оьрсийчоьнан Iедало бакъ ца до Соьлжа-ГIалахь Умаров варна бехке ницкъхой я кхиболу Iедалхой хилар. Европан кхела хьалха Оьрсийчоьнан векалша дIахьедина, Умаров лаьцна а вац, я Соьлжа-ГIаларчу низамхойн дакъошка кхачийна а вац, аьлла.
  • Умаровн гергарчарна вевзина иза лачкъийначу нахах цхьаъ. Цара иза ву боху Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн гIовс Байтуев Мохьмад. Амма ша Кадыров Рамзана иза бакъ дац аьлла.

XS
SM
MD
LG