ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь буса 19 стаг велла, цомгуш хилларш - 682


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 19 дархо, керла цомгуш хиллачийн терахь ду 682. Иштта ю Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан статистика.

Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а кхиина дархойн терахьаш иштта ду:

  • Ставропол-мохк +151 (16978)
  • Краснодар-мохк + 96 (14578)
  • Дагестан + 83 (13935)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 80 (7514)
  • ГIалмакхойчоь + 77 (6888)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 60 (7994)
  • ГIалгIайчоь + 53 (5986)
  • Адыгей + 42 (4308)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 35 (6030)
  • Нохчийчоь + 5 (2463)

Ставропол-махкахь юхадалийна карантинан цхьадолу хьелаш: махка богIу нах декхаре бу шина к1иранах изоляцехь 1ан.

Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана схьа коронавирусах цомгуш хилла, официало бахарехь, 86 677 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь - 1 237 504. ТIаьххьарчу пхеа беттан «рекорд» яьккхина уьно селхана – цомгуш хилла Оьрсийчохь оцу цхьана дийнахь 11 615 стаг.

XS
SM
MD
LG