ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь милицино хьийзийначу вахархочунна 34 эзар евро дала кхачийна Европан кхело


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина 34 эзар евро гергга ахчанца (3 миллион сом сов) компенсаци ян 2014-чу шарахь милицино гIело йинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна.

Кхело бакъдо Iазап доьхкучу Европан конвенцин низам Владовский Михаилна гIелоярца дохийна хилар а, Оьрсийчоьно таллам бина цахилар а.

2003-чу шеран бIаьста духарца къаьсташ боцчу наха цIера дIавигина Соьлжа-ГIалин вахархо Владовский. Масех де даьлча цуьнан нанна хиина иза милицин карахь вуйла. Шена еттар, тоькаца хьийзор лан а ца лайна, жимчу стага дареш дина шен долахь герз дара, аьлла. Оцу бахьаница 2 шо хан тоьхна цунна набахтехь яккха.

Амма хан кхайкхийна а йолуш, Соьлжа-ГIаларчу милицин декъе а вигина, юха а йиттина цунна, ша талораш лелийна, нах байъина ала бохуш. Ткъа де даьлча дарбан хIусаме кхачийна, цигахь тоьшалла хIоттийна лоьраша, цуьнан цхьа ког кагбина, шолгIаниг лазийна, аьлла. Ницкъхоша иза милицин чоьнаш чохь ламешна тIера чукхетта баьхна, кхозлагIа а вигина шаьш долчу етта.

Владовскийс дуккхаза а лехна нийсо, гIиртина шена гIело йиначарна Iедале бекхам байта, амма ца карийна бакъо.

Европан кхело бинчу сацамо 17 шо даьлча гучудаьккхина бакъдерг, делахь а куьгбехкечу наханна кхочу таIзар дуьсур ду данза – чекхъяьлла зуламах бекхам бен хан, боху "Iазапна дуьхьалоечу комитето".

XS
SM
MD
LG