Социалан машанашкахула "Ломан Карабахе тIом бан бахана нохчий гойту" видео яьржина деношкахь. Амма иза фейк хилар гучудаьккхина Кавказ.Реалиин редакцино.
Видео аннекси йинчу ГIирмехь яьккхина ю, ах-гIайрин къилбехьарчу Морское юьртана уллехь. Тоьшалла ден битамаш бу видео чохь гуш долу доьхна тIай, ткъа и тIай лаьтта йина яланза йолчу Мирное юьртанна гергарчу садоIучу базина уллехь.
Видео маца яьккхина, муьлш бу цу чохь болу эскархой, хьенан ю йохийна лаьтта техника, билггал хууш дац. Гарехь, кху беттанашкахь яьккхина иза. Хууш ду оцу меттехь дукха хан йоццуш тIамах лаьцна масех фильм йоккхуш хиллийла Оьрсийчуьрчу киностудеша, оцу фильмийн цIерш ю "Пальмира", "Шугалей-2", "Небо" ("Стигал").
- Ломан Карабахехь хьал чолхе лаьтта ду ши кIира. ТIемаш бу цигахь дIабоьлхуш. Азербайджано а, Эрмалойчоьно а бечу хаамашца, дуккха а нах белла шина а агIор.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана машаре кхайкхина ши пачхьалкх. Амма оцу юкъанна Азербайджанехьа бу Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Эльхана инстаграмехула бина кхайкхам.