ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОЗХО: Навальныйна "Новичок" дIовш делла хилла


Оппозицин политик Навальный Алексей
Оппозицин политик Навальный Алексей

Химин герз дихкинчу организацино (ОЗХО) кхаарин дийнахь хаамбина, Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна Марсхьокху-беттан 20-чоу дийнахь дIовш даларан хьокъехь техникаца шайгара гIо дехначу Германин Iедалхошка кху беттан 5-чохь шаьш бинчу талламах дIахаийтарх.

Организацин сайта тIехь зорбане баьккхинчу хаамца, ОЗХО-н сертификаташ долчу лабараторешкахь анализийн бинчу талламаша тIечIагIдо, Навальныйн цIийца а, хьаткъаца а карийначу холинэстеразан ингибаторан биомаркершца "Новичок" олучу хIуманах тера дакъа карийна.

"Медиазонан" публикацешкахь а ду билгалдаьккхина, ОЗХО организацигара кхаьчначу жамIаша тоьшалла дина хиларх Германин а, Швецин а, Францин а лабаратореша хьалхо Iорадьахначу жамIийн. Цара массара а дIахьедира, лелийнарг "Новичок" ю аьлла.

Оцу юкъанна, ОЗХО-н талламехь къастийна ду, Навальныйн анализашкахь карийначу биомаркерийн тIаьхьало химин герз доьхкуш, хIоттийначу Конвенцин тептаре язйина яц аьлла.

Навальный Алексейн агIончана Волков Леонидана хетарехь, иза тоьшалла ду, Оьрсийчохь "Новичок" кхиоран а, таяран программа тIетаьIIина кхиаме хиларан.

Conflict Intelligence Team организацин эксперто Левиев Руслана кхеторехь, и хIума тептарехь цахилар, иза дихкинчу герзех яц бохург дац:

Хьалхо цхьа могIа публикацешкахь, иштта, Германин къайлахчу сервисашна тIетийжаш а, билгалдоккхура, Солсберехь СкрипальгIарна Сергейна а, Юлина а деллачух къаьсташ долу, керлачу кепехь кечдина "Новичок" дIовш делла хила тарло Навальныйна бохуш.

Германин химин герз дихкинчу организацехь йолчу векалалло хьалхо дехар динера Техникан секретариате, Навальныйна дIовш даларх бинчу талламийн жамIаш массо а пачхьалкхашка – химин герз дехкарх йолчу Конвенцин декъахошка дIа а кхачадай, юкъараллашна а уьш довза таро лахьара аьлла.

Евробертан пачхьалкхийн векалша хьалхо дIахьедора, нагахь санна, ОЗХО-но Навальныйна билггал дIовш делла хилар тIечIагIдахь, Евробртан пачхьалкхаша Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхарх дийцаредийр ду аьлла.

Сакцеш ца тоьхча евр яц, элира хьалхо Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Маас ХIайко а, амма ца дийцира, муьлхачу кепехь уьш хир ю.

ОЗХО-но кхаарин дийнахь шаьш бинчу талламаийн жамIаш Iорадаьхначул тIаьхьа Германино юха а кхайкхамбина Оьрсийчоьне, Навальныйна дIовш далар талла аьлла.

Москвано тIе ца дуьту, шайна дохку бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG