ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна ейтинарш леха дисина нийсса цхьа шо


"Керлачу газетехь" ("Новая газета") болх бина журналист Политковская Анна ейтинарш леха низамо къасточу хенах цхьа киртиг бен ца йисина талламчашна. Нийсса шо даьлча, 2021-чу шеран Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь кхачало иза ейтинчарна дан тарло таIзар – стаг вийнарг бехктакхамах мукъа вуьсу цо зулам дина 15 шо даьлча. Цуьнца доьзна "Новая газето" шен агIонехь дагардан долийна журналист ейтинчарна жоьпаллах хьалхабовла дуьсу сахьташ.

Политковская Анна йийра Москвахь, шен цIийнан учахь нийсса 13 шо хьалха. "Керлачу газетан" журналист евзара дуьненна Нохчийчуьрчу тIемаша ден зенаш довзийтарца а, цигарчу бахархойн бакъонашкахьа латтарца а.

Бизнесхо Гайтукаев Лом-Iела, милицехь болх бина Хаджикурбанов Сергей бехкевира зуламна бух кечбарна. Ткъа зуда ерна куьг-бехке бу аьлла, цаьрца цхьаьна набахте хьовсийра милцо Iийна Павлюченков Дмитрий, вежарий МахмудовгIар – Рустам, ИбрахIим, Жабраил. Набахтехь кхелхина Гайтукаев Лом-Iела. Тахана хууш дац, хьан арабаьхна хилла нах Политковская ен.

Политковская Аннин доьзалан адвокатна Ставицкая Аннина хетарехь, журналист ер таллар сацийна хила а мега талламчаша. Цо "Эха Москвы" радион эфирехь билгалдаьккхира бехктакхаман дов муха толлуш ду, стенга кхаьчна журналистан гергарчарна хоуьйтуш дац, аьлла. Иза тешна ю зуламхой лоьхуш а цахиларх.

Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу цхьацца меттигашкахь а, дуьненан дуккха а шахьаршкахь а наха барамаш дIабаьхьна Политковская Анна дагалоцуш.

XS
SM
MD
LG