ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пашиняна а, Путина а дийцаредина Ломан Карабахехь мехах тIом бен нах хилар


Путин Владимира Эрмалойчоьнан премьер-министраца Пашинян Николца динчу къамелан коьрта агIо ю эрмалойн-азербайджанхойн конфликтехь мехах тIемаш бен арахьара тобанаш юкъайовлар. Оцу хьокъехь журналисташна информаци елла Ереванехь Пашиняна. Цунна гарехь, оцу юкъабевллачу ницкъаша шорйо тIом баьржа территори.

Ломан Карабахехь Азербайджанан агIор тIемаш беш Туркойчуьра баьхкина «жихIадхой» хиларх лаьцна дIахьедира хьалхо Оьрсийчоьнан инарлаша а, Францин президента Макрон Эммануэла а. Амма Хонкарарчу Iедало бакъ ца до иза. Шега кхочучунна Азербайджано а дIахьедина, байъинчу эрмалойн эскархошлахь арахьара, Шемара а, Малхбаленан кхечу мехкашкара а баьхкина эрмалой бу, аьлла.

Цхьаьна ца богIу Ломан Карабахера хьал довзуьйтуш тIемаш бечу шина агIоно баржабен хаамаш. Баку дуьне тешо гIерта шен эскарша толамаш бохуш хиларх, Еревано чIагIдо шен тIамехь дика аьтто болу бохуш.

Оьрсийчоьнан тIеман министра Шойгу Сергейс а дина къамел шен Эрмалойчуьрчу а, Азербайджанерчу а коллегашца, амма довзуьйтуш цуьнан маьIна.

  • Байначу беттан 27-чу дийнахь гIевттина тIемаш Ломан Карабахана гонаха. ТIеман хьал кхайкхийна Азербайджанехь а, Эрмалойчохь а. Шина а агIоно хоуьйту белла а, лазийна а нах хилар, вовшийн бехкейо регионера хьал талхорна.
  • Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира 1994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

XS
SM
MD
LG