ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодар-махкахь талламчашка вахархочо 6-зза дина шена гIелоярх лаьцна арз – дов дац айдина а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Iазапна дуьхьалояран комитето" бечу хаамца, Краснодар-махкахь меттигерчу вахархочо 6-зза дехна талламчашка шена полицехь гIелояр таллар, амма хIинца а ца айдина оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх. Шена тIехь Iазап латторах лаьцна аьрзнаш кхоьхьуйтург ву махкара фермер Скиданов Евгений.

2014-чу шарахь цуьнан фермера цхьа белхахо доьза яйна. Оцу бахьаница дуккхаза а левина фермер, амма ца айдина цунна дуьхьал дов.

Пхи шо хан яьлча, 2019-чу шарахь, Скиданов шен балхахь лаьцна, вигина полице. Цигахь иза, цо дийцарехь, цIийнан бухарчу оьнаш чу а вигина, хьийзийна. Ша дIа а вихкина, ирхъоьллира, тIаккха коган пIелгех телаш а тийсина, ток йиттира, коьртахь телатан тоьрмиг а боьллина, бетах а йиттира, чIагIдо цо.

Цуьнца маситтазза дина талламчаша къамел, амма ца лебина цунна гIелояр зуьйш полисхой.

Лоьраша тоьшалла яздина Скидановн дегIа тIехь йиттина ларш хиларх лаьцна, амма талламчаша хIоразза а дитина аьрзнаш гIо доцуш. "Iазапна дуьхьалояран комитето" бехкебо низамхой шайга ден аьрзнаш талланза дитарна, лерина ю таллам юха а дов айдан реза цахилар кхеле даккха.

XS
SM
MD
LG