ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчуьрчу уьнна духьалоечу оперативан штабо бечу хаамца, 690 стаганна кхета ун, велла цунах 12 вахархо.
Кранодар-махкахь кхелхина 4 пациент, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а – кхоккха, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь a – цхьацца. Иштта ю официалера информаци.
Дийнахь-буса а, пандеми йолаелчхьана а коронавирусах цомгуш хилларш:
- Ставропол-мохк +155 (17286)
- Краснодар-мохк + 99 (144775)
- Дагестан + 82 (14100)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 81 (7677)
- ГIалмакхойчоь + 76 (7041)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 64 (8118)
- ГIалгIайчоь + 48 (6085)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 37 (6067)
- Адыгей + 44 (4392)
- Нохчийчоь + 4 (2473)
Ун даьржичхьана схьа официалехь цомгуш хилла ларало Къилбаседа Кавказехь 88 эзар сов вахархо, ткъа ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду 1 миллион 260 эзар сов.