ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литературехь Нобелан совгIат делла Глюк Луизина


Швецин академино литературехь Нобелан совгIат кхачийна байтанчина Глюк Луизина. "Ша цхьаъ бен доцу аз бIаьрла а, массарна пайде а хиларна", аьлла къастийна совгIат кхачоран бахьана.

Глюк Луиза Британерчу Йельскерчу университетан профессор ю, йина Нью-Йоркехь 1943-чу шарахь. Байташ йовза йоьлла цуьнан 1968-чу шарахь цо арахецначу "Хьалханча" книгица. 12 байтин гулар зорбане яьлла поэтессин.

1901-чу шарахь юкъадаьккхина Нобелан совгIат далар, 900 стаганна кхачийна иза ша кхоьллича дуьйна схьа.

Оьрсийчуьрчу яздархойн 5 ву и совгIат делла: Бунин Иван, Пастернак Борис, Шолохов Михаил, Солженицын Александр, Бродский Иосиф.

Лурчаха Нобелан совгIат даьккхира Польшерчу яздархочо Токарчук Ольгас, стохка – Хандке Петера (Австри).

СовгIатан барам хьалакхиина 10 миллион Швецин кроне кхочуш – 1 миллион доллар.

Маршо Радионо бовзуьйту кхушара Нобелан лауреат яьллачу Глюк Луизин «БIаьстенан ло» байтан чулацам.

Хьажа буьйсанан стигала:

суна чохь – ши са, шина тайпа ницкъ.

Хьуна уллехь, кхузахь лаьтта со, кора хьалха,

хьан тидам беш. Селхана

бутт бешахь тIуьначу лаьтта тIехула кхозура.

Тахана латта лепа, бутт санна,

серлонан чкъура кIел садоцу дахар хилла.

Мегар ду хьуна бIаьргаш дIакъовла.

Суна хьан доIанаш хезара, хьалха а хезна долу,

хезара цара доьхург а.

Ас гайтира хьуна ахь лоьхург:

Деле ца кхойкхура ахь – куьйгаш дара

гIело латто Iаьмначу ницкъе кхийдаш.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG