ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ракета иккхина Дагестанан лаьмнашкахь. Карабахера еъначух тера ду иза


Дагестанан Агулийн кIоштарчу Чираг юьртан бахархошна деза герз оьккхуш хезна шайн лаьмнашкахь масех де хьалха. Карийна цо даьккхина 15-20 метр шуьйра ор а, гонаха Iохку ракетан гаьргаш а. Ца хаьа ламанхошна герзан тайп а, иза стенгара кхаьчна иккхина а, амма царна а, гонахарчу ярташкарчу «эксперташна» а хетарехь, Азербайджаной, Эрмалойчоьной къуйсуш, тIемаш бечу Ломан Карабахера еъна хила тарло ракета. Иза аьлла хета Агулийн кIоштан администрацин векалшна а.

Герз иккхинчу метте баьхкинчу Орцан министраллин а, ФСБ-н а декъерчу белхахоша талла дIаяьхьина герзан гаьргаш.

Зераш дечу Conflict Intelligence Team тобан куьйгалхочо Левиев Руслана ша Кавказ.Реалиица динчу къамелехь тоьшалла дира карийна гаьргаш цхьана боккхачу хIоьан хилар, иккхинарг ракета ю, элира цо.

Ши кIира хьалха Азербайджаной, Эрмалойчоьной тIамца къийса йолийна Ломан Карабах 200-250 километр гена ю Дагестанерчу Чирагна. Цкъачунна хууш дац хIун ракета ю цигахь иккхинарг. Амма социалан машанашкахь даржийначу цуьнан гаьргашна тIера йоза ду оьрсийн маттахь.

РБК агенталло яздарехь, тIом болийначу шина а пачхьалкхан эскарийн карахь ду Оьрсийчохь арахецна герзаш. Масала, Ереванан долахь ю Р-17 ракеташ кхуьйсу 9К72 "Эльбрус" комплексаш. 300 километр гена туху цара ракеташ. Делахьа а, дац тоьшалла и ракеташ Ломан Карабахехь кхуьйсу ала.

XS
SM
MD
LG