Москвахь кхело 9 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан куьйгаллехь лаьттинчу полковникна Хизриев Мохьмадна. 6 миллион долларх даржехь лакхавала, министр хIотта гIерташ хилла иза, боху ькхелан сацамо.
Эпсаран даржах а ваьккхина Хизриев. Иза воцург кхин а ворхI стаг ву кхелан сацамна кIел – Хизриевна дарж эца гIодеш хьийзина уьш, хенаш кхайкхийна царна а.
Уггаре дукха хан токхур ю набахтхь юкъалелархочо Мержоева Луизас – 11 шо. Хизриевна доцург, кхечу цхьанна а лаккхара дарж эца гIодеш хьийзина Мержоева. Ставрополерчу совдегарна Захарченко Сергейна зудчо «духкуш» хилла Къилба федералан гонан куьйгалхочун гIовсан гIант.
Кхело хан тоьхначаралахь ву Хизриевгара ахча схьа а эцна, иза доладерзийна, ткъа ша лаьцча, талламчашка ерриг а къайле дIайийцина волу Чудопалов Гора.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!