ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-бусий уьнах велла 15 стаг, 710 цомгуш хилла


Селхана дийнахь а, яхначу буса а Къилбаседа Кавказерчу лоьрийн тован аьтто ца болуш, кхелхина дарбан хIусамашкахь коронавирусах 15 стаг. Керла цомгуш т1екхиина регионехь 710. Иштта ду Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу оперативан штабан терахьаш.

Дагестанехь велла уьнах 6 вахархо, Краснодар-махкахь – виъ, Ставропол-махкахь – кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца.

ТIекхиина а, пандеми йолаелчхьана кхуьуш йолу а дархойн статистика иштта ю:

  • Ставропол-мохк +157 (17443)
  • Краснодар-мохк + 102 (14877)
  • Дагестан + 82 (14182)
  • Кхарачой-Черказийчоь + 80 (7757)
  • ГIалмакхойчоь + 78 (7119)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 70 (8188)
  • ГIалгIайчоь + 55 (6140)
  • Къилбаседа Х1ирийчоь + 38 (6142)
  • Адыгей + 42 (4434)
  • Нохчийчоь + 6 (2479)

Ерриг а Рьсийчохь цомгуш хилла лору официало 1 272 238 стаг. Уггаре дукха нах цхьана дийнахь цомгуш хилла яхначу буса – 12 126 стаг, пандеми йолаелчхьана схьа хIоттаелла рекорд ю иза.

XS
SM
MD
LG