ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь дийцарш дIахьош бу Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан дипломаташ


Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраш бу ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Ломан Карабахан хьокъехь дийцарш дIахьош. Цунах лаьцна хаийтина Оьрсийчоьнан дипломатийн векала Захарова Марияс.

Президента Путин Владимира, Ломан Карабахера тIом сацорах хьелаш дийцаре дахкар хьоьхуш бина кхайкхам тIеоьцуш, хьовсийна Бакуно а, Еревано шен векалш Москва. Хьалхо Путина гуманитаран Iалашонца тIом сацор дехнера шина а агIоне – белларш а, лецнарш а вовшашка дIасабалийтархьама.

Азербайджанан президента Алиев ИлхIама,Москварчу дийцарша Ереванна тIаьххьара шанс ло Ломан Карабахера конфликт бертаца ерзо, аьлла. Ша дог доху министрийн барт хирг хиларх, аьлла Эрмалойчоьнан президента Саркисян Армена.

Женевехь еарин дийнахь дийцарш долийна Карабахерчу конфликтан хьокъехь Европан кхерамзаллин а, цхьаьна къахьегаран а Минскан тобан Оьрсийчуьрчу а, Францерчу а, Американ Цхьанакхеттачу Штаташкарчу а куьйгалхоша.

Хьалхо Азербайджано, Минскан тобанехь дийцарш дуьйладала тарлуш дац, Еревано шен эскарш Ломан Карабахера арадаха кеч ца дича, бохура.

  • Байначу беттан 27-чу дийнахь гIевттина тIемаш Ломан Карабахана гонаха. ТIеман хьал кхайкхийна Азербайджанехь а, Эрмалойчохь а. Шина а агIоно хоуьйту белла а, лазийна а нах хилар, вовшийн бехкейо регионера хьал талхорна.
  • Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

XS
SM
MD
LG