ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахера тIом юкъахбаккха бартбина Азербайджано а, Эрмалойчоьно а


Москвахь динчу бертан къамелийн лорах ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Ломан Карабахера тIом сацо барт хилла Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а.

Тахана, ГIадужу-беттан 10-чу дийнан делкъехь, низаме болу бина барт. ТIом сацор гуманитаран Iалашонца ду – лецна эскархой хийца а, декъий дIасадала а, билгалдоккху кечдинчу документо. Оцу хьокъехь хаам бина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс Москвахь буса 3 сахьт даьллачу хенахь. 10 сахьтехь сов лаьттина консультативан тобан дийцарш.

Лавровс бахарехь, "тийналлин мур" бийцаребийр бу кхидIа а. Цул сов, Азербайджан а, Эрмалойчоь а Карабахера хьал дайден бертан къамелаш дан юьйлалуш ю Европан кхерамзаллин, юкъахь къахьегаран цхьаьнакхетараллин Минскерчу тобан декъехь.

300 сов стаг велла, эзарнаш хIусамех бевлла байначу беттан 27-чу дийнахь Карабахехь юхаболабелла тIом бахьанехь, билгалдоккху "Би-би-си" радионо. Баку а. Ереван а тешна ю хьал тIаме кхачийнарг ша-ша цахиларх.

  • ТIеман хьал кхайкхийна Азербайджанехь а, Эрмалойчохь а. Шина а агIоно хоуьйту белла а, лазийна а нах хилар, вовшийн бехкейо регионера хьал талхорна.
  • Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

XS
SM
MD
LG