ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: дийнахь-буса уьнах велла 19 стаг


ДI1адахначу дийнахь а, сийисара а коронавирусах 19 пациент велла Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь, официало бечу хаамца. Цомгуш хилла дийнахь-буса кхин а 705 стаг.

Уггаре дукха бу белларш Дагестанехь: ялх стаг. Краснодар-махкахь велла пхи вахархо, Ставропол-махкахь – кхоъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а – шишша, Нохчийчохь – цхьаъ. COVID-19 цамгарх Къилбаседа Кавказехь велла, Оьрсийчоьнан оперативан штабан хаамашца, 1781 стаг.

Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хилла регионехь:

  • Ставропол-мохк +151 (17594)
  • Краснодар-мохк + 103 (14980)
  • Дагестан + 82 (14264)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 81 (7838)
  • ГIалмакхойчоь + 77 (7196)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 70 (8188)
  • ГIалгIайчоь + 54 (6194)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 38 (6180)
  • Адыгей + 41 (4475)
  • Нохчийчоь + 5 (2484)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь пандеми хьакхаелла ву 89 466 вахархо. Ткъа ерриг Оьрсийчохь – 1 миллион 285 эзар сов.

XS
SM
MD
LG